Воккха стаг — доккха беркат

1990-чу шеран г1уран беттан 14-чу дийнахь ООН-н Генеральни Ассамблейс шен резолюцица эсаран хьалхара де кхайкхина хенарчу нехан Дуьненайукъара де аьлла. Цкъа хьалха хенарчу нехан Де билгалдаккха долийра Европехь, цул т1аьхьа Америкехь, ткъа 1990-г1а шераш чекхдолуш дерриге а дуьненахь а. Хенарчу нехан де шуьйра даздо скандинавски мехкашкахь.

Оцу дийнахь теле-радиопрограммаш кечйина хуьлу хенарчу нехан дог оьцучу кепара. Эсаран беттан 1-чу дийнахь дукхах йолчу пачхьалкхашкахь д1аг1о тайп-тайпана фестивалаш, уьш вовшахтуху хенарчу нехан бакъонаш ларъечу ассоциациша. Йукъараллин организациша а, фондаша а д1ахьо тайп-тайпана г1одаран акциш. Ткъа уьш х1ора шарахь лерина хуьлу билггал йолчу темина. ООН-н хаамашца, 1950-чу шарера 2010 шаре кхочуш дуьненан бахархойн оьмар йахъелла 46 шарера 68 шаре кхаччалц. Ткъа х1ара б1е шо чекхдолуш и терахь кхочур ду 81 шаре.
Карарчу хенахь дуьненахь 700 миллион гергга стаг ву 60 шерал лакхаваьлла. Ткъа 2050-чу шарна и терахь кхочур ду 2 миллиарде, вуьшта аьлча дуьненан бахархойн 20 сов проценте. Иштта, говзанчашна хетарехь, 60 шо кхаьчна нах хир бу берийл дукха. Оцу дерригено гойту хенарчу нахана боккха тидам т1ебахийта безаш хилар.
Хенара нах йоккха хазна йукъайуьллуш хир бу йукъаралло лелочу г1уллакхна, нагахь санна царна кхоьллина догг1у хьелаш хилахь. Уггаре коьртаниг – церан бакъонаш ларъйар ду. И ду ООН-н Генеральни секретара кхайкхош дерг. Йукъарчу ницкъашца махкашна кархдер ду адамийн оьмар йахъйалийтина ца 1аш, церан дахар кхин дика хилийта.
Ламасте хилла дисна и де билгалдаккхар Россехь, Азербайджанехь, Беларусехь, Латвехь, Молдовехь, Украинехь, иштта хиллачу Союзан кхечу махкашкахь а.
Хенарчу нехан г1айг1а бар, царна оьшу г1о лацар даима хилла вайнехан доьзалшкахь. Хенара, воккха стаг доьзалехь хилар доккха беркат ду олуш ду вайн. Иштта дан а ду иза.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля