Дагестанан къаьмнийн цхьааллин денна сийлахьчу дагестанхошна совг1аташ делира «Росси — сан истори» ц1е йолчу историн паркехь.
Цхьаьнакхетаран хьелашкахь совг1аташ делира регионан Куьйгалхочо Меликов Сергейс.
Совг1аташ деллачарна йукъахь бара хьехархой а, т1емалой а, 1илманчаш а, кхетош-кхиоран белхахой а, медицинан белхахой а, дуккха а кхиберш а.
Меликов Сергейс декъалбира гулбелларш республикан дезчу денца — Дагестанан къаьмнийн цхьааллин денца.
«Х1ара дезде вайна ч1ог1а мехала ду. Цо гойту вайн Даймохк безар, иза ларбан кийча хилар, вайн сийлахь дай ларар. Иза йу барт хиларан, бартбаран, тешаман, вовшийн лараран билгало».
Таханлера терахь ларамаза хаьржина дац: оцу деношкахь 1741-чу шарахь вайн генара дай кхерамна дуьхьал кхетта. Вайн дай баьхна мохк т1елатархойх ларбан аьтто баьлла вайн къаьмнийн цхьаалла бахьана долуш.
Тахана вайн к1ентий а, вежарий а бу лерринчу т1еман операцин зонехь Даймохк ларбеш. Уьш Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь мохк ларбинчу шайн дайшкара толам баккха 1ема», — билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Дагестанан куьйгалхочо билгалдаьккхира х1ара юбилейни шо хилар, Сийлахь-боккхачу Толаман 80 шо кхачаран шо а, Даймохк ларбархошна лерина шо а хилар.
1999-чу шарахь хиллачу хиламийн декъашхочунна Исмаилов Магомедна йелира «Гайтина доьналла бахьана долуш» мидал, иза цо Меликов Сергейн карара схьаэцна церемонин гурашкахь, пачхьалкхан кхерамзалла ч1аг1ъйарехь цо г1о дарна а, 1999-чу шарахь Дагестанан территори дуьненайукъарчу тобанех ларъйеш доьналла гайтарна а.
Иштта, т1еман декхарш кхочушдеш доьналла а гайтарна «За отвагу» мидал йелларш х1орш бу: Гвардин жимах волу сержант Ватуев Гаджимурад; Гвардин майор Магомадов Малик; Лаккхара лейтенант Эльбрус Наврузов.
Подполковникна Шихалиев Нариманна «Дагестанан Республикана хьалха дина г1уллакхаш бахьана долуш» орден йелира иза веллачул т1аьхьа. Дагестанан Куьйгалхочо совг1ат д1аделира турпалхочун дега-нене Шихалиев Шамсутдине а, Гульмагомедова Гульназе а. Шихалиев Нариманс, Тийначу х1ордан флотан х1ордан эскаран Жуковн а, Суворовн а Курскан бригадан 155-г1а къаьстина гвардин орденийн декъашхос, дакъалецира Мариуполь а, Угледар а, кхин йолу пункташ а мукъайахарехь.
Иштта билгалбаьхна Дагестанские Огни г1алахь хийистехь хи чу бахана мехкарий к1елхьарбаьхна дагестанхой а – Баркаев Шамиль а, Шамхалов Шамхал а, Гюльмагомедов Аслан а.
Ойла а ца йеш, хи чу йоьдуш йолу кхо йо1 к1елхьарайаккха кхоссабелира уьш, шайн синошна кхерам а болуш. Меликов Сергейс «Гайтина доьналла бахьана долуш» мидалш йелла царна, инзаречу хьелашкахь адамаш к1елхьардахарехь майралла гайтарна.
Иштта пачхьалкхан совг1аташца билгалбаьхна Дагестанан хьехархой а, медицинан белхахой а, культуран г1уллакххой а, спортхойн наставникаш а.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ