Карарчу хенахь Сочехь д1ахьош йолчу «Йерриг Росси-2025» ц1е йолчу XXIX дуьненайукъарчу журналистийн форуман гурашкахь Россин журналистийн Союзан председатель Соловьев Владимир Дагестан Республикан стендехь хилира.
Форумехь Россин журналистийн Союзан куьйгалхочунна йевзира вайн регионан хаамийн г1ирсашна а, культурин т1аьхьенна а лерина йолу экспозици. Цунах лаьцна хаам бина Дагестанерчу информацин а, зорбанан а агентствос.
Агентствон куьйгалхочо Юсупов Арсена Соловьев Владимирна йовзийтира республикин хаамийн г1ирсийн а, киншкаш арахецаран а декъехь леррина т1еман операцин темина кхочушъеш а, кечъеш а йолчу проектех лаьцна, къаьсттина, цо Россин журналистийн Союзан председательна совг1ат дира лерринчу операцена лерина керлачу книшкица.
Журналистийн Союзан регионерчу декъан председатела Ибрагимов Магомеда Соловьев Владимире «Доблесть гор» ц1е йолу программин модулех лаьцна дийцира, вайн республикин куьйгалхочо Меликов Сергейс д1ахьуш йолу, лерринчу т1еман операцин декъашхошна а, ветеранашна а лерина йолу.
«Суна лаьа маршалла даийта сан лерамечу белхан накъосташка, лерамечу доттаг1ашка, СВО чекх а йаьккхина, толамца ц1абирзинчу декъашхошка. Т1аккха цара шайна маьрша дахар д1ахьур ду, тайп-тайпанчу хьелашкахь болх беш, амма церан зеделларг шеко йоцуш кхид1а а хир ду, Дала могашалла а, ницкъ а лур бу», — элира Соловьев Владимира.
БАЙМУРАДОВ Мовсар