Дег1аста Республикин Конституцин Де – уггаре а коьртачех цхьаъ ду вайн республикехь.
Цу т1ехь билгалъйаьхна йу стеган бакъонаш а, маршонаш а. Вайн Конституци т1ехь лаккхара хазна йу аьлла д1акхайкхина стеган бакъонаш а, маршонаш а.
Халахеташ делахь а, 1едалан коьртехь лаьттачара даима ца лардо стеган бакъонаш талхорца доьзна долу шайн жоьпалла. Ткъа иза Дег1аста Республикин Конституцийца цхьана а дог1уш, коьрта къилба хилла д1ах1оьттина хила деза церан балха т1ехь.
Дег1аста Республикин Конституцин 35-чу статьяс ч1аг1деш ма-хиллара, адаман бакъо йу пачхьалкхан органашна шайн лехамаш хьалхабехка. Иштта йолу гражданийн и бакъонаш билгалъйаьхна йу Дег1аста Республикин Конституцин 33-35-чуй а статьяшкахь а.
Дукха хьолахь гражданашна ца девза шайн бакъонех дерг. Оцу декъехь болх беш йу Дег1аста Республикин стеган бакъонашкахула Уполномоченни волчун официальни сайт. Цуьнан портал т1ехь д1анисдина ду стеган бакъонаш а, маршонаш а ларъйаран долчу декъехь долу нормативни бакъонийн акташ.
Йукъ-кара зорбане йолу республикин бахархошна лерина йолу материалаш, кхин долу нормативни акташ.
Доцца аьлча, и дерриге а адамийн бакъонаш ларъйарна долчу декъана лерина ду. Ларамза дац иза т1е эцна терахь даздаран хьолехь д1адахьар. Х1унда аьлча, цуьнца доьзна ду республикехь низам латтор. Йерриге а г1аланашкахь, к1ошташкахь а шуьйра билгалдоккху иза меттигерачу 1едалан белхалоша а, йукъараллин организацеша а.
Хууш ма-хиллара, Дагестанехь дуккха а къаьмнаш ду дехаш. Иза вайн цхьааллин коьрта гайтам бу. Историн йеххачу ханна беркате йукъаметтиг йолуш схадог1уш ду уьш дерриге а. Иза бу вайн бахам а, иза ду вайн дозалла а.
Кху денна лерина даздарш хуьлу Дагестанан массо а г1аланашкахь а, к1ошташкахь а. Цигахь, дукха хьолахь, меттигерчу 1едалан векалша а, Оьздаллин ц1ийнан белхалоша а, муниципалитетийн куьйгалхоша а, иштта йукъараллин организацеша а, бахархоша а дакъа лоцу. Патриотически а, Даймахках а лаьцна байташ йоьшу, Россин а, Дагестанан а гимнаш олуьйтуш, халкъийн оьздаллаш а, 1адаташ а, ламасташ а довзуьйтуш, шуьйра билгалдо и де.
Шеко йоцуш, вайн республика 1алаш йар вайн декхар ду. Маггане а мегар дац йукъара хьал талхош зулам даржийта. Чеккхе чолхе йолу белхаш бухатоха беза массара а. Тахана вайн карахь ду и. Ткъа уггар а коьртаниг — къаьмнийн цхьабарт цаталхийтар ду.
Дагадоуьйту 1994-чу шеран мангалан 26-чохь т1еийцира Дагестана дуьххьрлера Конституци. Советан 1едал а доьхна, сихонца хийцалуш долучу йукъараллин а, политически а хьолаш бахьана долуш, вайн республикехь а дийзира т1еэца керла кехат. 1995-чу шарахь региональни куьйгалло билгалдира, йог1учу ханна мангалан 26-г1а де х1ора шарахь даздаран хьолехь д1ахьур ду аьлла.
Бакъду, 2003 шарахь керла Конституци т1еэца дийзира. Иза дара социальни а, политически а, йукъараллин а хьелаш хийцадаларан бахьанца лелийна.
Ткъа даздаран де, ша хьалха ма-хиллара, мангалан 26-г1аниг ду.
Конституцин Денца, хьоме махкахой! Ирс, аьтту, машар, барт латтийла вайн х1усамашкахь!
БАЙМУРАДОВ Мовсар