Дагестанан Куьйгалхочо Меликов Сергейс цхьаьнакхетар д1адаьхьира лерринчу т1еман операцехь дакъалаьцначу нехан гергарчаьрца, хаамбина республикин куьйгалхочун пресс-г1уллакххоша.
Меликов Сергейс кхелхинчу Даймохк ларбархойн суьрташна т1е зезагаш дехкира Эскархойн гергарчаьрца къамел доладале.
«Сан шеко йац, цхьа а стаг вац шун г1айг1анна озабезам боцуш. Ткъа тхуна лаьа шуна г1о дан. Тахана вай буьйцуш болу нах, шеко йоццуш, турпалхой бу — СВО зонехь г1уллакхдаран а, т1еман а г1уллакх кхочушдеш, шайн синош ца кхоош. Уьш берриш а турпалхой бу вайна», — ч1аг1дира Меликовс.
Д1акхелхинарш дагалоцуш тийналла х1оттийра 1 минотехь.
Вайн республикин куьйгалхочо билгалдаьккхира, дуккха а г1о деш ду эскархошна а, церан доьзалшна а г1о деш аьлла. Дуккха а сацамаш т1еэцна вайн мехкан президенто Путин Владимира.
Иштта регионийн а, муниципалитетийн а т1ег1анехь д1ахьош бу эскархошна а, церан доьзалшна а массо а аг1ор г1о даран барамаш. Кхеташонехь хиллачу хьаькамаша кхин а к1орггера дийцира царех лаьцна.
Ала деза, Меликов Сергей кест-кеста эскархошца а, церан доьзалшца а цхьаьнакхетарш деш хилар, царна а, церан доьзалшна а г1о-накъосталла деш хилар.
БАЙМУРАДОВ Мовсар
АГиП ДР-н суьрташ