Вайн республикин Куьйгалхо Меликов Сергей цхьаьнакхийтира «Турпалхойн зама» программин декъашхошца — Россин Турпалхочуьнца Набиев Энверца а, Доьналлин кхаа орденан кавалерца Валихов Магомедца а, хаамбина регионан куьйгалхочун пресс-г1уллакххоша.
Республикин куьйгалхочуьнца хиллачу къамелехь Набиев Энвера а, Валихов Магомеда а дийцира шайн стажировкин рог1ера мур чекхбаккхарх лаьцна.
Меликовс къамел дира эскархошца, уьш кхиамца отборехь чекхбовларца декъал а беш. Шен къамелехь регионан куьйгалхочо тешна хилар хаийтира эскархоша 1амораш кхачам боллуш д1ахьур ду а, республика а, мохк а кхиорехь доккха дакъа лоцур ду а аьлла.
Царна бевзира цхьа мог1а федеральни а, региональни а структурийн болх, 1амийра пачхьалкхан урхаллин зеделларг, карадерзийра эвсара урхаллин г1уллакхаш кхочушдан оьшуш долу хаарш.
Набиев Энвера а, Валихов Магомеда а шайн наставник хаьржина вайн республикин куьйгалхо. Цара цхьаьна болх бийр бу цхьаьнакхетаро д1айолийначу программин гурашкахь. Программин декъашхошна тайп-тайпанчу урхаллийн болх бевзар бу, куьйгаллин г1уллакх эвсара д1адахьа оьшуш долу хаарш карадерзор ду.
Меликов Сергейс СВО-н декъашхошна т1ейог1учу хенахь а кхиамаш хуьлийла лаьара, шайн хаарш а, зеделларг а махкана пайдехь хирг хиларх тешна хилар хаийтира.
«Турпалхойн зама» программа кхочушъйеш йу Россин Президентан Путин Владимиран Пачхьалкхан урхаллин Лаккхара школа Сенежан урхаллин мастерскойхь.
Цу кепара проект йолийначу регионехь дуьххьара хилира Дагестан – «»Лаьмнийн доьналла» республикан программа.
Тахана республикехь чекхъбаьлла декъашхой къасторан мур. Верриг а 1400 гергга Дагестанера СВО-н ветеранаша а, декъашхоша а программехь дакъалаца заявкаш чуйелла, шайн йукъахь 82 Доьналлин орденан кавалер а волуш.
БАЙМУРАДОВ Мовсар