К календарь т1ехь дукха ду тайп-тайпана деза денош: дерриге а халкъо даздийраш а, корматаллашца доьзнадерш а и д1. кх. Царна йукъахь шен халкъйолу меттиг д1алоцу Россин Кегийрхойн дийно а.
Кегийрхойн Де – иза дезде ду, вайн мехкан хиндерг шайх доьзна болчу, кегийрхошна лерина долу. Иза – дерриге а некъаш шайна хьалха д1абиллина болчу къоначу, самукъанечу, жигарчу адамийн дезде.
Ткъа и Россехь билгалдоккхуш ду оханан беттан 28-чу дийнахь. И керла дезде кхолларан хьокъехь болу сацам т1еэцнера 1958-чу шарахь – СССР-н заманахь. Йуха а даздан долийна 1993-чу шарахь дуьйна.
Цу хенахь дуьйна оцу дийнахь вайн махкахь д1аг1о тайп-тайпана выставкаш, концерташ, спортивни а, культурни а мероприятеш. Цигахь жигара дакъалоцу кегийрхоша.
Къоналла — иза уггар а хаза мур бу дахарехь. Йеккъа цхьа самукъадаккхаран амал лелийна ца 1а и де. Цо тидам т1ебохуьйту къоначу адамийн баланашна. Вуьшта, шен цхьа идеологически бух а бу цуьнан. Кегийрхой кхеташ хила беза, вайн мехкан хиндерг шайх дозуш дуйла.
Муьлхха а дезде, оцу йукъахь Кегийрхойн Де а, самукъане билгалдоккхуш 1едал ду Россехь. Иштта Россин йерриге а г1аланашкахь д1ахьо конкурсаш, фестивалаш. Пачхьалкхан т1ег1анахь оцу дийнахь вовшахтуху тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, совг1аташ дар. Берриге а махкахула къийсадаларш д1ахьо спортан тайп-тайпанчу дакъошкахула.
Вайн махкахь кегийрхойх лору 14-35 шаре кхаччалц долу адамаш. Амма и дезде билгалдоккхуш, кегийхошца цхьаьна жигара дакъалоцу баккхийчара а. Шайн берашца цхьана уьш хуьлу дезчудийнан мероприятешкахь, дагайоуьйту д1айахна шайн къоналла.
Ала дог1у, х1ораннах хьакхалуш, шатайпа дезде ду Россехь кегийрхойн Де. Цундела ду и массанхьа а билгалдоккхуш.
Кегийрхойн дезчу Денца, хьоме махкахой!
Бибулатова Iайнаъ
Хаза мур…
