Х1ора шарахь оханан беттан 26-чу дийнахь билгалдоккхуш ду наркоманица къийсам латторан Дуьненайукъара Де. И ч1аг1дина ООН-н Генеральни Ассамблейс 1987-чу шарахь, коьртачу декъана оцу зуламах адамаш лардан 1алашо йолуш.
ООН-н хаамашца, карарчу хенахь наркотикех дуьненахь пайдаоьцучеран дакъа 4,3 % бу. Уьш дукха хьолахь кегийрхой бу, 15-ра 30 шо шаре кхаччалц болу.
Таханлерчу вайн заманахь уггаре а кхерамечу хиламех лоруш йу наркомани.
Халахеташ делахь а, денна шорлуш бу наркоманица «доттаг1алла» лелочеран мог1арш.
Дуьненан барамехь тахана героинаца кхачам бийриг – иза Афганистан йу. Наркотикаш йаржор шуьйра даьржина ду иштта Латински Америкехь а.
Россин ФСКН-н хаамашца вайн махка схьакхачош йу 90 % уггаре зуламе йолу наркотикаш (героин, опий). И хьал иштта дара СССР йолчу хенахь а. Наркотикех дозуш долчу адамийн терахь т1етт1а алсамдаларо боккхачу г1айг1анехь латтайо дуьненан а, Российски а йукъараллаш.
Российски Федерацин президента буха куьг йаздина наркотикашна дуьхьал йолу пачхьалкхан Стратеги ч1аг1ъйаран хьокъехь долчу Указана 1алашонаш йу:
— Российски Федерацин территории т1ехь дозанал арахьара легальни доцуш наркотикаш чуйарна эвсараллин дуьхьало кхоллар;
— законехь доцуш мехкан чоьхьа наркотикаш йаран, йаржоран инфраструктура х1аллакьйар;
— Российски Федерацин территори т1ехь законехь доцуш наркотикаш йаран коьчаллин база д1айаккхар и д1.кх.
Наркомани – кхераме цамгар йу. Цо т1етт1а дакъаза йоккху адаман дег1ан чалх, т1аьххьара а социальни деградаци хуьлу наркотикех 1итталучунна. Иза бен доцуш хьоьжу гонаха хуьлучунга, доьзалан хьашташка.
Эххар а наркоман д1ахеда дахаран мехаллех. Цунна дагахь дерг даима цхьаъ ду – наркотик карор, цуьнца шен дег1ана там бар, эшахь ахча лачкъийна, чуьра х1ума йоьхкина, эшахь – стаг вийна а. Доцца аьлча, цуьнгара д1адолу «адамалла» бохург. Иза дийнатийн амале воьрзу, вуно кхерамечу волу гергарчаьрна, гонахарачарна, йерриге а йукъараллина.
Генахь ца хуьлу иштта цомгушволчун 1ожалла.
Халахеташ делахь а, наркотикан барам сов боккхий, йа дег1ан чалхана и оьшучу хенахь ца хиларна, хадало наркоманан дахар, дукха хьолахь къона волчу хенахь.
Лакхахь билгал ма-даккхара, шен могашаллина мостаг1 хилла ца 1а наркоман, цуьнах воккха мостаг1 хуьлу шен доьзална а. Физически а, психически а кхиар т1аьхьадисина хуьлу цуьнан бераш.
Наркоманина дарбалелор психиатрически стационарехь а бен хуьлийла дац, кхачам боллу 1уьналла а деш.
26-чу июнехь Россин дукхах йолчу г1аланашкахь д1аг1о кегийрхойн йукъахь наркотикех пайдаэцаран профилактикехула йолу тайп-тайпана акцеш: наркотикашца къийсам латторехьа Дуьненайукъарчу денна лерина спортивни а, культурни а мероприятеш. Ткъа уьш коьртачу декъана д1аг1о стадионашкахь, культурин ц1еношкахь, кинотеатрашкахь. библиотекашкахь.
Чакхкхенгахь т1етоха луур дара кхин цхьаъ. Наркомани – иза йеккъа а цхьа медицински проблема хилла ца 1а. И зулам вайна йукъара д1адаккхарна т1ехьовсийна хила беза йерриге а йукъараллин болу-боцу ницкъаш. Т1аккха кхочур ду вай оьшучу кхиаме.
Дала аьтту бойла вайн оцу халчу, амма ч1ог1а оьшучу г1уллакхана т1ехь!
Бибулатова Iайнаъ