Оцу хаттаршна цхьана дашца жоп дала атта дац. Уггаре а хьалха филологи – иза 1илма ду, адамаша буьйцучу маттах доьзна. Филолог — мотт а, литература а толлуш волу говзанча ву. Муьлхха а мотт шен башхаллаш йолуш бу, къаьсташ бу шен аьзнашца, дешнашца, х1оттамца и д1. кх. Ткъа филологи, ша 1илма хиларе терра, меттан баххаш, цуьнан кхиар, хийцадалар тидамехь латтош схьайог1у.
Вайн кхузаманан йукъараллехь 1аламат доккха дакъа лоцу филолога. Уггаре а хьалха учебникаш а, кхийолу дешаран г1ирсаш а кхолларехь къахьоьгуш ву иза. Иштта, тайп-тайпанчу гочдаран проекташкахь жигара дакъа а лоцу. Амма, цул совнаха, филолог шатайпа къоман культура а, ламасташ а лардеш верг ву. Д1айаханчу заманан литература а, мотт а толлуш, шен хаарш шуьйрачу аудиторина д1асадаржо даима а кийча ву иза.
Иза ч1ог1а самукъане говзалла йу аьлла хета суна. Цо аьтто бо меттанаш а, литература а 1амийна ца 1аш, кхолларалла кхио а, тексташца болх бан хаар кхио а. Цул сов, филологан говзалло инзаре дукха аьттонаш схьабоьллу карьера кхиорехь. Амма оцу говзаллин шен халонаш йу.
Масала, филолог гуттар а хууш хила веза маттахь а, литературехь а т1аьххьара хуьлуш болу хийцамех лаьцна. Иштта, тексташца болх бар ч1ог1а къинхьегам оьшуш а, дуккха а хан а, ницкъ а оьшуш а хуьлу.
Таханлерчу чолхечу балха т1ехь вуно мехала болх бу филологан болх. Дешаран муьрехь дуккха а самукъане х1уманаш хаьа мотт а, литература а 1аморна лерина долчу 1илманах лаьцна.
Шайн хинйолу говзалла санна иза хаьржинчу наха дукха йоьшу, тайп-тайпана литература а, шира хьостанаш а толлу. Амма цуьнца цхьаьна шайн ойланаш атта йовзийта йиш йу церан, массо а шайх кхетар болуш дийцар дийца йиш йу церан, ур-атталла, теманах атта ца кхетачунна а.
Меттанаш 1амор — адамийн уггаре а дика шовкъ а, говзалла а йу. Мотт а, цуьнан башхаллаш а йовзар адаман шатайпа хьуьнар ду. Цуьнца къамел дан даима а атта хир ду. Меттанаш 1амор филологашна хилла ца 1аш, мог1арерчу нахана а оьшуш ду аьлла хета суна. Кхечаьрга шайн ойланаш дуьххьара нийса д1акхачо аьтто хилча, ч1ог1а мехала ду.
Къамел дерзош, Филологан Денца берриш а даггара декъалбан а луур дара суна.
Бибулатова Iайнаъ