«Жима Даймохк – Россин ницкъ»

Москох дӀахьур йу «Жима Даймохк – Оьрсийчоьнан ницкъ» цӀе йолу Ерригроссин форумехь дакъалоцур ду Дагестанан 230 сов векал, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран тӀедилларца дӀахьош ю и форум. Верриг а цигахь дакъалоцур ду 89 регионера 7 эзар сов муниципалан белхахоша. Цигахь дийцаре дан лерина ду индустрехь таханлера теманаш: территорин урхаллехь цифровизаци яр, ламасташ а, мехаллаш а ларъяр, иштта кхин долу мехала хаттарш а. Форуман повесткехь ю шуьйра бизнес-программа, шайна юкъахь дуккха а барамаш а болуш: панельни дискуссеш, горга стоьлаш а, стратегин сессеш а, дакъалоцуш индустрин министерствийн а, ведомствийн а, бизнесан а, коммерцин йоцчу организацешна а векалш а болуш. Иза хьажийна ю мехкан муниципальни юкъаралла цхьаьнатохарна а, муниципальни сервисан сий лакхадаккхарна а. Форумехь масех панельни дискусси хир ю. «Адамашкахь ницкъ» бохучу платформин коьрта тема хир ю адамашна а, пачхьалкхана а пайденна гӀуллакх даран миссин мехалалла. Иштта декъашхоша дийцаре дийр ду территорийн адамийн таронаш кхиоран а, муниципалан тобанийн говзалла лакхаяккхаран а хаттарш. ВАРМСУ-н спецпроектийн презентаци ян лерина ю, ткъа иштта РФ-н Президентан Администрацин векалша къамел дийр ду. «Ламасташкахь ницкъ» цӀе йолчу панельни дискуссехь дийцаре дийр ду мохк а, юкъаралла а кхиорехь цхьаалла йолу, массо а агӀор стратеги кхолларан бух санна ламасташ а, мехаллаш а ларъяран а, кхиоран а хаттарш. Экспертийн презентаци лерина хир ю къаьмнашна юкъара барт барна а, патриотически кхетош-кхиорна а, жимачу даймахке безам кхолларна а, историн а, культурин а тӀаьхьенна а, Доьзалан шарна а, кегийрхошна юкъахь доьзалан мехаллаш йовзийтарна а. Дакъалацархоша а, эксперташа а детальца дийцаре дийр ду цифровизацин а, территорин урхаллехь технологеш юкъаяхаран а, юьртан меттигаш а, меттигера адамийн таронаш а кхиоран, предпринимательски инициативашна гӀо даран, муниципалан сервис популяризаци яр, культурин тӀаьхье а, ламастан мехаллаш а ларъяран хаттарш. Алссам тидам тӀебохуьйтур бу бахархойн дахаран дикалла лакхаяккхарна а, социальни а, кегийрхойн а политика дӀаяхьарна а, ткъа иштта муниципалитетийн адамийн ресурсийн потенциал кхиорна а. Иштта лерина ду Россин Федерацин экономика кхиоран министрца Решетников Максимца цхьаьнакхетар а, «Лучшая муниципальная практика 2023» конкурсехь толам баьккхинчарна совгӀаташ даларан церемони дӀаяхьар а. Цхьаьнакхетарехь жамӀаш дийр ду «Лучшая муниципальная практика 2023» конкурсан, цу юкъахь хир ю министрца хьанал диалог, муниципалитеташ экономика кхиорехь таханлера хаттарш а, декхарш а дийцаре дарна лерина. Форуман гурашкахь дуьххьара йовзуьйтур ю муниципалан юкъараллина лерина лерина портал. Муниципалан юкъараллина хетарг тидаме а оьцуш кхоьллина портал. Муниципалан белхахошна юкъахь таллам бина 2023-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь, талламийн жамӀашна тӀе а тевжаш, билгалъяьхна коьрта сервисаш, уьш хьалха йовзуьйтур ю информацин порталехь. Платформин векал хир ву ANO Dialogue компанин инарла директор Табак Владимир. «Кхиарехь ницкъ» цӀе йолчу панельни дискуссехь тидам тӀебохуьйтур бу къоман Ӏалашонаш кхочушъярехь а, экономика кхиорехь а, инфраструктурехь а муниципалитеташа дӀалоцучу ролех лаьцна. Меттигерчу Ӏедалан органийн бакъонашца доьзна контролан а, Ӏуналла даран а гӀуллакхийн хаттарш дийцаре дан лерина ду. Муниципалан диалоган марафонан жамӀаш дийр ду. Панельни дискуссехь къамел динчарна юкъахь ву Россин Федерацин Президентан гӀоьнча Орешкин Максим. Билгалдаккха деза, «Жима Даймохк – Россин ницкъ» цӀе йолу форум вовшахтоьхнарг Россин Федерацин Президентан Администрацин гӀоьнца меттигера ша-шена урхалла кхиоран Ерригроссин ассоциаци (ВАРМСУ) хилар.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля