Турпалхочух дош

 

Д1адаханчу к1ирандийнахь ирча хаам белира, дерриге а дуьненахь вевзаш волу Сайтиев Бувайсар д1акхелхина, аьлла. Цхьа а шеко йоцуш, массарна а боккха лазам бара иза. Цхьа а кийча вацара иштта дерг хаза. Х1унда аьлча, хенан воккха а вацара, йа шен дег1аца ницкъала лазар а дацара цуьнан.
Бусалба хиларе терра, вайна хууш ду, массо а са дала кхоьллина дуйла. Делахь, вевзаш а, везаш а верг д1акхелхича, ч1ог1а хала хуьлу и лан. Кху деношкахь берриге а бохург санна, шайн чуьра стаг велча санна дог доьхна бара. Буьйсанна д1авуьжуш а, 1уьйранна г1оттуш а, Бувайсар д1авалар дара дуьхьала х1уьттуш.
Социалан машанаш теллича, вайн къомах боцурш а бара дуккха и лазам шайна а кхаьчна бохуш. Иштта, кхечу къомах цхьацца болу спортхой цуьнан тезетехь а, иза д1авуллучохь а бара.
Беккъа цхьа спортан кхиамашца бацара нехан цуьнга ларам. Олимпиадийн а, Дуьненайукъара кхин болу къовсамийн а толамхой дуккха а бу. Делахь, вайн ваша санна ларам болуш, нахана дукха а безаш бац берриге. Х1ун бахьана дара теша Бувайсар дуьне ма-дду нахана дукхавезар?
Шеко йоцуш, спортехь болу кхиамаш а йукъа бог1у оцунна. Делахь, Сайтиев ша мичча д1акхаьчча, лела хууш вара. Цуьнгара цкъа а бохам хилла бац, йа ц1ахь, йа ц1ера ваьлча а. Шен дег1аца бусалба дин а, нохчийн къоман г1иллакх а, дайшкара схьадеана 1адаташ а, ламасташ а долуш, дагчохь а, ойланехь а куралла йоцуш, олуш долу х1ора а дош к1еда-мерза долуш вара иза. Воккха йа жима цхьатерра лоруш, мел олу дош т1екхуьу чкъорана хьехаме долуш, шегара схьаэца доккха масала долуш оьмар д1айаьхьана цо.
Муьлхха а цо дина къамеле ладоьг1ча, боккха чулацам болуш, ладуг1уш волучунна хьехарш долуш ду. Ма-дарра аьлча, дерриге а дахар халкъана а, махкана а, пачхьалкхана а доьхьа къахьоьгуш чекхдаьлла цуьнан. Х1ора а де, къомах а, махках а ойланаш йеш, вайна йукъахь хуьлуш долучу цхьацца кхачамбацаршна доглозуш д1адахана цуьнан.
Дуьненчохь Бувайсара йаьккхинарг дукха хан йацахь а, вайна массарна а доккха масала дитина цо. Миччанхьа хилча а, цо дуьйцуш дерг вай дерриге вовшашца мерза хила деза бохург дара.
Цо гойтура, иза вайн къомана дог лозуш хилар. Цул совнаха, тайп-тайпана къаьмнийн йукъаметтигаш мерза хиларан коьрта г1улч йаьккхинарг а ву иза.
1990-чу шерийн хьалхарчу декъахь дуьйна, дерриге а шен дахар адамийн уьйр ч1аг1йеш д1адаьхьина цо. Цундела вара иза массарна а дукхавезаш, массеран а шегахь ларам болуш.
Цхьа а шеко йоцуш, вайн къоман уггар а г1арабевллачерах цхьаъ вара Сайтиев Бувайсар. Ша бакъдуьнене вирзийначулла т1аьхьа, кхин д1а а масийтта чкъорана масала хилла лаьттар ву иза. Цуьнан латар а, лелар-болар а, вистхилар а, дуккха наха пайда оьцуш лаьттар ду йехха хена чохь.
Ша вехачу заманахь шен йаккхийтинчу хазачу ц1арца эхарте вирзи иза. Дуккха наха дика тоьшаллаш а ди. Цаьрга ладоьг1ча, вайна дукха вевзаш а ца хилла иза.
Вай тешна ду, йог1учу ханна цуьнан доьзало сих-сиха дикачу аг1ора Сайтиевг1еран ц1е йоккхуьйтур йу аьлла. Дала гечдойла Бувайсарна! Дала веза хьаша вина т1елоцийла иза! Дала йалсаманин хьаша войла иза!

 

Бувайсар Хамидович Сайтиев родился 11 марта 1975 года в г. Хасавюрт ДАССР. В подростковом возрасте остался без отца, трагически погибшего в автокатастрофе. Мать Белижа в одиночку воспитала и устроила всех детей.
Как и многие другие, Бувайсар с самого детства увлекался борьбой. В восемь лет его отдали в школу Олимпийского резерва. Тренеры всегда отмечали его трудолюбие. В 14-летнем возрасте он выполнил норматив мастера спорта. Через год Сайтиев переехал в Новокузнецк, где обосновался в школе-интернате.
Здесь начался его путь великих побед. Спустя некоторое время, он переехал в Красноярск, где начал тренироваться у заслуженного тренера СССР и РСФСР Дмитрия Миндиашвили. Под его руководством Бувайсар начал занимать первые места на профессиональной арене.
В 1995 году никому неизвестный Бувайсар Сайтиев занял первое место на Чемпионате мира в Атланте. Там он был признан открытием турнира.
На следующий год стал триумфатором Олимпийских игр в Атланте. Здесь он завоевал первое «золото» Олимпиады среди чеченцев. Самое похвальное, с 1995 года в течение пяти лет он не проиграл ни одной схватки.
За время спортивной карьеры Бувайсар Сайтиев стал:
трехкратным олимпийским чемпионом (1996, 2004, 2008), шестикратным чемпионом мира (1995, 1997, 1998, 2001, 2003, 2005), шестикратным чемпионом Европы (1996, 1997, 1998, 2000, 2001, 2006), победителем Игр доброй воли (1998), обладателем Кубка мира (2008), четырехкратным чемпионом России, семикратным победителем международных турниров серии «Гран-при «Иван Ярыгин».
В 1996, 1997, 1998, 2003, 2005 годах он признавался ФИЛА лучшим борцом вольного стиля.
В силу возраста, в 2009 году он завершил профессиональную карьеру, после чего полностью посвятил себя обучению подрастающего поколения, открыв в Хасавюрте спортивный комплекс.
В 2016 году его избрали депутатом Государственной Думы VII созыва, в Комитет по физической культуре и спорту. С 2022 года являлся вице-президентом ФСБР.
Бувайсар Сайтиев был отмечен такими правительственными наградами, как Орден Дружбы, Орден Почета и «За заслуги перед Отечеством» IV степени.
Великого чемпиона не стало 2 марта 2025 года. До 50-летнего юбилея он не дожил девять дней. По предварительным данным, Бувайсар скончался от остановки сердца.
***
Массо а нохчочун ц1арах даггара баркаллина дош ала лаьа, Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, иштта, оцу г1уллакхана йукъа мел ваьллачунна а. Бувайсар велла аьлла ирча кхаъ баьллачахьана, цуьнан омраца дуккха а нах орца бевлла бара. Цуьнан г1оьнца таро хилира Москохара сихха иза ц1а вало а.
Цул совнаха, Нохчийчохь бекарг беттан 3-г1а а, 4-г1а а, 5-г1а денош «Бохаман денош» аьлла кхайкхина дара Кадыров Рамзана.
Иштта, Ахьмад-хьажин ц1арахчу фондо саг1ина сурсаташ дийкъина. И акци д1айаьхьина Сайтиев вехаш хиллачу Хасавюрт г1алара Олимпийски поселкехь. Цуьнан гурашкахь бахархошна кхо эзар гали шекар а, кхо эзар гали дуга а, кхо эзар гали дама и делла.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля