ЦIано — ийманан дакъа…

 

Газетадешархоша тидам бина хир бу, ас алссам йаздо вайн г1алин бехделлачу хьолах лаьцна. Х1аъ, со ч1ог1а саготта йу цу ц1армата г1уллакхана.

Арахь ло далахь а, т1екхаьчна б1аьсте — вайна гонаха долчу массо а х1уманна т1ехь керланиг хиларан синхаам… Цуьнан хьожа кеста керла а, зезагийн а хир йу… Латта, 1аьнан набарах йаьлла ча санна, самадолу… Ткъа йерриге а боьхалаш а, нехаш а вайн б1аьргашна гучуйовлу.
Вайн г1алахь, алссам доьхна некъаш доцург, шолг1ачу меттехь уггаре а йоккха анпал — нехаш йу.
Адам, коьртачу декъана, Сийлахь-Везачо кхоьллинчу массо а кхолламех уггаре а хьекъале ду. Иза ду шена гонаха долу 1алам ц1ена а, хаза а хиларна жоьпаллехь дерг.
Сийлахьчу Къуръан т1ехь аьлла ду: «Ц1ано — ийманан дакъа ду».
Ткъа вай — тергам болуш бусалба нах ду. Х1ораммо а дакъа лаца деза вайна гонаха лаьтта 1алам ц1ена кхабарна. Амма, халахеташ делахь а, и данне а иштта дац.
Х1ора урамехь, х1ора маь11ехь нехаш д1асайаржийна йу. Ма ирча сурт ду-кх иза!
Нехаш чуйохку меттигаш йолуш йу вайн г1алахь, амма вайн ч1ог1а хазахета нехийн «лаьмнаш» кхуьллуш.
Вай дехачохь дуккха йу хаза сада1а йина йолу меттигаш, кафеш, паркаш, амма иэхь хета, луларчу республикашкара нах вай долчу баьхкича. Цкъа делахь, некъаш ирча а, доьхна а ду; шолг1а делахь, нехаш гулйина куп ца гуш, г1алина йуккъехула лела йиш йац.
Йукъараллин меттигашкахь, балхахь, ц1ахь вайн леларе хьаьжжина мах хадор бу вайн.
Кхин цкъа а ала лаьар дара, шайна луъучу метте нехаш ма кхийсахьара аша, аьлла. Леррина цу г1уллакхана д1ах1оттийна контейнераш йу.
Х1инца цкъа оцу баланех мел дукха йаздарх а, дийцарх а хийцамаш бац. Х1ара хьал иштта д1адодахь, вайн г1алин ц1е хийца мегар йу.
Кхин ца дийцича а, адам дехачохь ц1ано хилар — могашаллин коьрта аг1о йу. Цундела цунна дола дан деза вай…
БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля