Чиллан беттан 2-чу дийнахь билгалдоккху Россин т1еман сийлаллин де — Сталинградан латамехь (1943 шо) советан эскарша немцойн эскарш эшийна де.
Сталинградан латам 1941-1945 шерашкахь хиллачу Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь уггаре а боккхачех цхьаъ бара. Иза болабелла 1942 шеран мангалан беттан 17-чу дийнахь, чекхъбелира 1943 шеран чиллан беттан 2-чу дийнахь. И латам бекъало шина муьре: хьалхарниг лаьттира 1942 шеран мангал беттан 17-г1а дийнера лахьанан беттан 18-г1а де кхаччалц. Цуьнан 1алашо йара Сталинград г1ала ларъйар (1961 шарахь дуьйна — Волгоград), ткъа шолг1а мур болабелира 1942 шеран лахьанан беттан 19-чу дийнахь, чекхъбелира 1943 шеран чиллан беттан 2-чу дийнахь.
Сталинградера, Къилба-Малхбален, Къилба-Малхбузера, Донан, Воронежан фронтийн аьрру флангера эскарш а, Волжски т1еман флотили а, Сталинградера ПВО-н корпусан областера а (Советан ПВО-н ницкъийн оперативно-тактикан дакъа) эскарш дакъалоцуш дара 1914-чу шарахь хиллачу т1амехь.
Фашистийн 1алашо йара 1942-чу шеран аьхка мехкан къилбехь советан эскарш эшо; Кавказан к1ошташ, Донан а, Кубанан а к1ошташ шайн караэца; мехкан йуккъе 1942-чу шарахь уьйр латтош йолу з1енаш йохо; Кавказехь а, т1ом шайн аг1ор д1аберзо хьелаш кхолла а. И г1уллакх кхочушдар т1едиллина хилла эскаран А а, В а тобанашна.
Сталинградан аг1ор т1елетарна немцойн эскаран В тобанера д1акъастийра инарла-полковник Паулюс Фридрих коьртехь волу 6-г1а эскар а, 4-г1а танкийн эскар а. 17-чу мангал беттан дийнахь 6-чу немцойн эскарехь 270 эзар гергга стаг вара, кхо эзар топ а, миномет а, 500 гергга танк а йара. Цунна г1о дора 4-г1а х1аваан флото (1200 кхаччалц т1еман кеманаш). Фашистийн эскаршна дуьхьал лаьттара 160 эзар стаг а, 2,2 эзар тоьпаш а, минометаш а, 400 гергга танк а йолуш Сталинградан фронт.
Цунна г1о деш хилла 8-г1а х1аваан эскаран 454 кема а, 150-200 генара бомбанаш йетта кеманаш а. Сталинградан фронтан коьрта ницкъаш гулбелира Донан йоккхачу аг1онгахь, цигахь 62-г1а а, 64-г1а а эскарша ларъйаран позицеш д1алаьцна, мостаг1 хин дехьа ца валийта а, Сталинграде боьдучу уггар боцачу некъаца чекх ца вала а.
Лардаран операци д1айолаелира Чир а, Цимла а хин лини т1ехь г1алина генарчу некъаш т1ехь. Немцойн эскарш дирзира Сталинградан аг1ор. Мостаг1 советан эскаршна го а бина, Калач г1алин к1ошта кхача а, Сталинграде кхаччалц чекхвала а ч1аг1о йолуш вара. Амма и кхочушдан аьтто ца баьлла цуьнан.
Хьаьттан беттан 10-чу дийнахь советан эскарш йухадевлира Донан аьрру берде, ларъйаран аг1онаш д1алецира Сталинградан арахьарчу периметрехь, цигахь сацийра мостаг1 17-чу хьаьттан беттан дийнахь. Амма 23-чу дийнахь немцойн эскарш Волгана чухула чекхдевлира.
12-чу товбецан дийнахь дуьйна мостаг1 вуно герга веара г1алина, иза ларъйар тешийра 62-г1а а, 64-г1а а эскаршна. Урамашкахь луьра т1емаш хилира. Товбецан беттан 15-чу дийнахь мостаг1 чекхвелира Сталинградерчу тракторан заводан к1ошта.
Чиллан беттан 11-чу дийнахь немцойн эскарш т1аьххьара г1оьртира г1ала схьайаккха. Церан аьтто белира Волге кхаччалц чекхбовла, амма кхин сов кхиамаш баха аьтто ца баьлла церан.
62-г1а эскаран тобано лахбира мостаг1чун кхиамаш, цуьнан адамийн ницкъ а, техника а х1аллак а йеш. Лахьанан беттан 18-чу дийнахь немцойн эскарийн коьрта тоба обороне йахара. Сталинград схьайаккха мостаг1чун лаам кхочуш ца хилира.
Советан эскарийн ницкъаш гулбан болийра т1елатар йан. Цунна кечам чекхбелира лахьанан беттан йуккъехь. Т1елетаран операци йолалуш советан эскарийн карахь дара 1,11 млн стаг, 15 эзар герз а, минометаш а, 1,5 эзар гергга танкаш а, а артиллерин дакъош а, 1,3 эзар сов тlеман кеманаш а.
Царна дуьхьал лаьттачу мостаг1чуьнна дара 1,01 млн стаг, 10,2 эзар топ а, миномет а, 675 танк а, штурмовик а, 1216 т1еман кема а.
Къилба-Малхбузера фронтан а, Донан фронтан 65-г1а эскаран а т1елетар д1адоладелира 1942 шеран 19-чу лахьанан беттан дийнахь, 80 минотехь тоьпаш тоьхначул т1аьхьа. Де чекхдалале 3-г1а Румынин эскаран оборона шина декъехь д1асакъаьстира. Сталинградан фронто шен т1елетар долийра лахьанан беттан 20-чу дийнахь.
Мостаг1чун коьртачу тобанан тохарш а дина, Къилбаседа-Малхбузера а, Сталинградан а фронтан эскарша го д1акъевлира 1942 шеран 23-чу лахьанан беттан дийнахь. Цу юкъа йог1уш йара мостаг1чун 6-чу эскаран 22 дивизи а, 160 сов къаьстина дакъа а, 4-чу танкан эскаран цхьа дакъа а.
Г1уран беттан 12-чу дийнахь немцой г1оьртира шайн го бина эскарш д1адаха, Котельниково йуьртан к1оштара (х1инца Котельниково г1ала) т1елатар а деш, амма шен 1алашоне кхача аьтто ца баьлла церан. 16-чу г1уран беттан дийнахь советийн эскарийн т1елетар д1адоладелира Йуккъера Дон бохучу меттигера.
1942-чу шеран г1уран бутт чекхболуш арахьарчу гонан фронтана хьалха мостаг1 эшийра. Цу г1уллакхо дика хьелаш кхоьллира Сталинградана гергахь го бина тоба д1айаккха.
Го бина эскарш эшорхьама Донан фронто, инарла-лейтенант Рокоссовский Константин коьртехь а волуш, д1айаьхьира «Кольцо» ц1е йолу операци. Кхайкхам бира мостаг1 цкъа хьалха малхбузехь х1аллакван, т1аккха — къилбаседа декъехь, цул т1аьхьа йисина тоба шина декъе йекъа, малхбузера малхбалехьа тохарш а деш.
Операци йолайелла 1943 шеран кхолламан беттан 10-чу дийнахь. Оццу беттан 26-чу дийнахь 21-г1а арми 62-г1а эскарца цхьаьнакхетта Мамаевн Курганан к1оштахь. Мостаг1чун тоба шина декъе йекъайелира. Чиллан беттан 31-чу дийнахь фельдмаршал Паулюс Фридрих коьртехь волу къилбаседан эскаран тобано дуьхьало йар сацийра, ткъа 1943 шеран 2-чу чиллан беттан дийнахь къилбаседан тобано дуьхьало йар сацийра, цуо билгалдаьккхира го бина мостаг1 х1аллаквар чекхдалар. 1943 шеран 10-чу кхолламан беттан дийнера 2-г1а чиллан беттан дийне кхаччалц т1елетар д1ахьош хьа лаьцна 91 эзар сов стаг, вийна 140 эзар гергга.
Сталинградан т1елетаран операци д1ахьош немцойн 6-г1а а, 4-г1а а танкийн эскарш а, 3-г1а а, 4-г1а а румынийн эскарш а, 8-г1а италин эскарш а эшийра. Мостаг1чун эшам бара 1,5 млн гергга стаг. Т1ом болабелчхьана дуьххьара къоман тезет кхайкхийра Германехь.
Сталинградехь толам баккхар советан эскарийн доьналлин а, турпалаллин а жам1 дара. Иттаннаш эзарнаш эскархошна а, эпсаршна а 1едалан совг1аташ делира. Уггаре а сийлахьчу эскархойх 112 Советан Союзан Турпалхо хилира.
Г1ала турпалаллица ларъйаран сий деш Советан 1едало 1942 шеран 22 декабрехь кхоьллина «За оборону Сталинграда» мидал, иза йелира т1амехь дакъалаьцначу 700 эзар сов декъашхочунна.
1945-чу шеран х1утосург беттан 1-чу дийнахь Лакхарчу коьрта буьйранчин омрица Сталинградна турпалхойн г1ала аьлла ц1е тиллира. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1амехь советски халкъо толам баьккхина 20 шо кхачар дагалоцуш 1965-чу шеран 8-чу х1утосург беттан дийнахь турпалхочун г1алина Ленинан орден а, «Золотая звезда» мидал а йелира.
Г1алин 200 сов историн меттиг йу шен турпалаллин д1адаханчу заманца йоьзна. Царна йукъахь йу Мамаевн Курган т1ехь йолу «Сталинградски т1еман турпалхошка» мемориалан комплекс а, Салтийн сийлаллин ц1а (Павлован ц1а), кхин а. 1982 шарахь схьайиллина Сталинградан т1еман панораман музей.
БИБУЛАТОВА Iайнаъ