Путина мехала долчух лаьцна дуьйцу…

Вайн дӀадоьдуш ду пачхьалкхан президентан Путин Владимиран шеран жам1аш. Тхан редакцин белхахоша леррина терго йеш бу цуьнан эфиран.

«Путин Владимир Владимировича лерринчу операцехь дакъалаьцначарна а, церан доьзалшна а г1о деш ду, вайн къоман хьашташ кхочушдеш, мехкан дозанаш а, маьрша дахар а лардеш ду.

— Тхо лерина хьоьжу Путин Владимир Владимировичца «Итоги года»,  — аьлла, комментари йина газетан коьрта редакторо Якиев 1умаро.

«Президенто даггара диалог д1ахьо, уггаре а халачу теманех хьакхалуш, вайна массарна а мехала долчух лаьцна дуьйцу.

Вайн президенто ма-аллара, вай даима а кханенан ойла йан еза.

Владимир Владимировича билгалдаьккхира Северан т1еман округан 1алашонаш кхочуш хир йуйла, билгалдаьккхира эскар тешна хьалхадолуш хилар а, территореш системан кепехь мукъайахар а, дозаллица билгалдаьккхира салтийн а, эпсарийн а турпалалла.

Президента жоп делира СВО-н декъашхошна ахчанаш даларца доьзна хаттарш д1анисдан дезаш хиларна, ткъа Курскан к1оштан бахархой тешийра, йерриг а инфраструктура меттах1оттор йу, х1усамийн хаттарш а д1адерзор ду аьлла».

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля