Баханчу беттан 29-чохь Х1инж-г1алахь РГВК «Дагестан» майданехь, Меликов Сергейс «Прямой лини» д1айаьхьира. Дагестанан куьйгалле х1оьттинчахьана, йоьалг1а з1е йара иза цуьнан оцу т1ег1анехь дагестанхошца.
Диъ сахь ца-кхоччуш хена чохь 40 хаттарна жоп делира Меликовс дагестанхошна. Ши к1ира хан йара, луучарна аьттона билгалйаьккхина, шайн хаттарш схьадахкийта. Масийтта эзар косташ а, хаттарш а, дехарш а дара тайп-тайпана социалан з1енашкахула Куьйгалхочунна лерина даийтина. Царах дукхаха дерш йаккхийчу г1аланашкара а, к1ошташкара а дара.
Х1инццалца санна, бахархоша сахьийзорг х1ара дара: некъаш дахкар, йукъараллин транспортан хьал, могашалла1алашйар, дешаран г1уллакх, коммунальни услугаш иштта д1а кхин а.
Делахь, оцу массо хаттаршна йукъахь вай сахьийзош дерг а дара – 1овхойн к1ошт меттах1оттор. Х1ора шарахь ишттачу майданашка иттанаш-б1аьннаш и хаттарш д1адохьуьйтуш бу Дагестанера нохчий. Ма-дарра аьлча, цхьанне а къоме доьхуш х1ума а дац. Вайна дезарг – 1едала шайн болх бан ма-безза бар ду. 1991-чу шарахь т1еэцна долу Законца нийса а дог1уш, 1944-чу шеран чиллан 23-чохь хиллачу кепара дозанаш а, к1оштан а, йартийн а ц1араш а меттах1иттор ду вайна дезарг. И г1уллакх 1едало чекх маца доккхур ду те хаа лууш хаттарш дув ай куьйгалле дохьуьйтуш дерш. Амма, цхьаа а шарахь, цхьана а хаамийн майданахь, йа Куьйгалхочо, йа Правительствос и вайн г1уллакх дийцаре деш дац. Вайна оьшург-м дукха х1ума а дацара. Массарна йезаш йоллу нийсо йезара вайн къомана. Амма, муьлхха а бахьна делахь а, и нийсо гуш йац-кха вайна.
Дукха хан йисина йац, цхьа а бехк боцуш вай махках даьхна 81 шо дуза. Кхин д1а мел дукха хан-зама йалахь а, вайна цкъа а дицлур доцу де ду иза. Х1оразза а, аьтто баьллачохь дийца а, довзийта а дезаш ду и «1аьржа» де.
Дикане сатийса олу дешначу наха. Цундела, дикачу чаккхене са а туьйсуш, таро ма-ййу дуьйцуш 1ан деза вай. Мацца хилла а, вайна а муьт1ахь хила дезаш ду 1едал.
БАЙМУРАДОВ Мовсар