— 2025-чу шарахь бан лерина бу ХӀинжа-ГӀалин гонах болу некъ, — хаийтира Меликов Сергейс, — и болх д1аболор бу т1едог1учу к1иранах. Иштта болх бан дагахь ду Хасавюьртахь а.
«Оцу балхашна ахча х1инцале а д1асадекъна. Хасавюьртахь лаьттан белхаш бу д1ахьош, ткъа Дербентехь лерина белхаш т1едог1учу к1иранах д1аболор бу оха. Х1инжа-Г1алах лаьцна аьлча, экспертиза чекхъйаларе хьоьжуш ду тхо.
И некъаш д1адаьлча, аьтто хир бу Имам Шамилан проспект тойан», — элира регионан куьйгалхочо.
Ала деза, вайн г1алана уллохула боьдучу некъан декъехь асфальт йилларан белхаш д1ахьош бу.