Меликов Сергей: «Вайн коьрта Iалашо — барт хилар»

«Дагестан» пачхьалкхан телерадиокомпанин канало х1окху деношкахь «Дагестанан б1ешо» ц1е йолчу Ахмедов Мурадан программехь гайтира Дагестанан куьйгалхочуьнца Меликов Сергейца хилла къамел.

Куьйгалхочо хьахийра таханлерачу дийнахь республикехь х1оьттинчу хьолах а, цуьнан экономикан а, социалан а хьал, т1ейог1учу ханна уггаре а коьрта декхарш а.

Интервьюн коьртачу теманех цхьаъ йара лерринчу т1еман операцехь (СВО) дакъалаьцначарна а, церан доьзалшна а г1о дар.

Меликов Сергейс ч1аг1дира, Даймохк ларбечарна г1о дар 1едална коьрта г1уллакх хилар. Цо лаккхара мах хадийра волонтераша а, дуккха а берийн наноша а, берриге а дагестанхоша а тайп-тайпанчу кепашкахь г1о-накъосталла деш бечу белхан;  билгалдаьккхира ишттачу чолхечу хенахь халкъан цхьаалла гучуйолу, аьлла.

Куьйгалхочо дийцира ша диъ шарахь бинчу белхан жам1ех лаьцна. Цо билгалдаьккхира, оцу муьрехь регионан экономика кхиорехь а, керла белхан меттигаш кхолларехь а, инфраструктура тойарехь а боккха кхиамаш бу, аьлла. Экономика кхиарна таро луш йолчу йаккхийчу инвестицийн проектех а, дагестанхойн дахаран дикалла лакхайаккхархьама социалан декъехь а, дешарехь а, могашалла 1алашъярехь а бан безачу хийцамех а лаьцна.

Меликов Сергейс къаьсттина тидам т1ебахийтира къаьмнашна йукъара барт хиларан а, Дагестанерчу къаьмнийн цхьааллин а хаттаршна. Вай республикин тайп-тайпанчу къаьмнашна йукъахь машар а, барт а латто беза, х1ора халкъан ламасташ а, культура а ларъйан йеза, аьлла.

«Барт а, вовшийн ларам а бу вайн коьрта 1алашо», — билгалдаьккхира республикин куьйгалхочо.

Кханенах лаьцна дуьйцуш, Меликов Сергейс тидам т1ебахийтира дешарна а, говзанчаш кечбарна а. Цо дийцарехь, дика 1амийна кегийрхоша вайн к1оштан хьалдолуш дахар а лур ду.

Къамел дерзош, Меликов Сергейс ша тешна хилар хаийтира Дагестанан кхане цуьнан х1ора вахархочух дозуш хиларх. Цо билгалдаьккхира, массо а кхачамбацарш доллушехь, регионан инзаре йоккха таронаш хилар а, цхьаьна болх барца муьлхха а халонаш д1айаха аьтто хилар а. Регионан куьйгалхочун даржехь болх бечу диъ шарахь дуккха а халонаш эшийна, эшор а йу, аьлла, тешна ду вай.

И хилла интервью ч1ог1а мехалла йу, х1унда аьлча, барт хилар а, вовшех кхетар а, таханлерчу халонашца къийсам латтор а, хаддаза кхане кхоллар а вайн карахь ду, вайн к1оштан куьйгалхо коьртехь волуш.

БИБУЛАТОВА Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля