Вайн махкахь Ненан де билгалдоккху х1окху беттан т1аьххьарчу к1ирандийнахь. 2024-чу шарахь лахьан беттан 24-чу дийнахь нисло иза.
«Нана» бохург коьрта дош ду вайн дахарехь. Беро хьалхара олу дош ду и… Вай х1оранна а — дуьненчохь цхьаъ бен доцу, уггар а дукхадезаш долу адам ду Нана…. Вайна дахар делла, вай ирсе хилийта дерриге а до цо…
Хьена аз хеза берана уггар хьалха? Нанас шен берана дуьххьарлера дешнаш 1амадо, берашна цуьнгара хаьа дика а, вуон а, бакъдерг а, харцдерг а х1ун ду…Нана гуттара а шен берана уллохь хуьлу — иза меца хилча, цунна цхьана х1умано новкъарло йича, иза г1айг1ане хилча…
Суна дагадог1у, сан куьг ч1ог1а а лаьцна, нанас со дуьххьара школе муха йигира. Сан школера дахар муха хир ду бохуш, чlогlа саготта йара иза. Нана уллохь йара ас сайн дахарехь дуьххьарлера элпаш а, дешнаш а д1айаздеш. Сан дахарехь дуьххьарлера сочинени йазъеш соьца йара иза.
Нанас г1о дийр ду хьехамца, хьан доттаг1чуьнца дов даьлча йа нийса харжам бан хала хилча. Даима а кхетар йу иза, синтем бийр бу, дог тешор ду. Цо хьо мара а йоьллина, кийра хьарчор йу, хьоьца цхьаьна г1айг1ане хир йу, т1аккха кхин д1а а йахар а, хьайна леринчу 1алашоне кхачар а иштта кхераме дац.
Нанас дахаран дуьххьарлера хьехамаш ло хьуна: бакъволу доттаг1 мел мехала ву, ахь иза балехь вита ца веза, аьлла. Ненах схьаоьцу вай къинхетаман дуьххьарлера урокаш: баккхийчеран сий дан деза, кегийчарна даима а г1о дан деза, бохуш йолу.
Массо а наной тайп-тайпана бу — къона а, хаза а, къинхетаме а, луьра а. Амма къанбаллалца вайна хьалхалерра наной буьсу уьш. Воккхачунна, берана санна, шен ненан хьехар оьшу. Нана бен йац, х1уъу хилча а, муьлххачу а дикачу г1уллакхехь г1ортор йеш, халачу хенахь г1о а деш. Нанас гечдийр ду хьуна муьлхха а г1алат а. Цо тийна-таь1на, доккха са а даьккхина, лечкъаш шен г1айг1ане б1аьргаш т1ера б1аьрхиш д1а а дохуш, гечдийр ду хьуна.
Ткъа ненан куьйгаш… Вайн дахарехь уггаре йоккха мехалла… Цара мел г1о до вайна… Ма к1адделла уьш, ма синтем боцуш ду уьш — ненан къинхетаме, иэсала, дог лозуш долу куьйгаш. Уьш ду вайна дахарехь уггаре а хьалха девзаш дерш, кху керлачу, вайна девзаш доцчу, инзаречу дуьненчу девлча, вай халонех а, сингаттамех а лардеш. Ненан куьйгаш шен беран месах хьакхалуш массо а баланаш а, г1айг1анаш а д1абоху… Лазам а, шело а, дахаран массо а чевнаш а, халонаш а, вуон хенаш а, вай халонех лардеш, ирсе хила аьтто луш долу дерриге а шайна т1е а оьцуш.
Халахеташ делахь а, вай наггахь бен ойла ца йо, мел хан а, ницкъ а, могашалла а, мел марзо а, г1айг1а а вайна т1ехь йойъу нанас. Цундела х1ора дийнахь а, сохьтехь а наношна йовхо йала еза, х1унда аьлча, берийн баркалла а, безам а царна уггар а дика совг1ат ду.
Нана мел йийцича а, кхачам хир бац. Х1ора нанас шен беран дуьхьа шен дог д1алур ду. Доьзалхочун кхолламна сагатдийр ду цо, мел воккха и хиларх.
Шайн нанойн дола делаш, х1унда аьлча, «вай бераш дуьсур ду вайн наной дуьненчохь мел беха…».