Кху беттан доьалг1ачохь йерриге Россехь даздаран хьолехь билгалдоккхуш ду «Къаьмнийн цхьааллийн де». Хууш ма-хиллара, шайн чохь дукха къаьмнаш дехачарах цхьаъ йу вайн пачхьалкх.
Вайна массарна хууш ма-хиллара, Россехь дехаш дерриге б1е сов даккхий а, кегий а къаьмнаш ду. Ма-дарра аьлча, халкъийн коьрта бахамашех цхьаъ бу иза. Историн к1аргене кхевдича гучудолу, б1ешерийн йохаллехь массара цхьана мостаг1чунна дуьхьало йина хилар. Муьлхха а кхечу махкара эскар т1е лата кечделча, массеран а цхьабарт хуьлий, и духаттуш хилла. Т1е х1оьттина хьоле хьаьжжина, бан безачохь барт беш, ткъа цуьнах г1уллакх ца хуьлучохь т1емаш деш схьадеана.
Амма, тахана гуш долучу суьртаца, хьалха хиллачуьнга хьажча, дуккха а эшна ду вайн хьал. Аьлча, хьолшам дукха дика дара, йукъаметтиг йу-кх лахлуш йог1уш. Соьга хаьттича х1ара ду иза иштта хиларна бахьна – доьзалехь а, ишколехь а оцу г1уллакхне лерина болх ледар болуш хета. Хьехархоша литературан а, историн а урокашкахь довзуьйту дерриге къоман хьал, ткъа дай-нанойша 1амадо г1иллакх, 1адаташ, ламасташ.
Россин уггар а боккха, мехала хьал-бахам, аса хьалха ма-аллара, кху чохь дехаш долу халкъаш ду. Хьалха массо вахархочо а, цул т1аьхьа 1едалан векалша а, хьехархоша а болх бан ма-безза бахь, къаьмнийн йукъаметтигаш дика, беркате хир йу.