Москох дIайаьхьначу Къоман Антитерроран Комитетан кхеташонехь дакъалецира Меликов Сергейс

 

НАК-ан председателан, Россин ФСБ-н директоран Бортников Александран куьйгаллехь, Москох д1айаьхьира Къоман Антитерроран Комитетан кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара Дагестанан Республикан куьйгалхо Меликов Сергей.

 

Комитетан декъашхоша а, Россин коьртачу прокуроро а, Россин Федерацин Президентан федералан к1ошташкарчу векалша а, федералан кхочушдаран органийн куьйгалхоша а, Россин х1оттаман субъекташкахь террорна дуьхьало йечу комиссийн председателаш а дакъалецира кхеташонехь.
Цхьаьнакхетаран повесткехь коьртаниг дара Къилбаседа Кавказан федералан гонан кегийрхошна юкъахь терроризман идеологи йаржарна дуьхьало йарца доьзна хаттарш а, ткъа иштта карарчу хенахь терроран кхерамаш лаьттачу хьелашкахь и бала д1абаккхаран г1уллакхаш а.
Бортников Александра, цхьаьнакхетар схьадоьллуш, билгалдаьккхира Къилбаседа-Кавказан федеральни гоно дерриг а профилактикан г1уллакхаш кхочушдеш хилар, кегийрхошна юкъахь терроран а, неонацистийн а ойланаш ца йаржийта 1алашо йолуш. Къаьсттина, школашкахь а, вузашкахь а кхетош-кхиоран болх жигара баьккхина, профилактикан г1уллакхаш кхочушдеш ду, кегийрхошца болх беш болу говзанчаш кечбаран т1ег1а лакхадоккхуш ду.
Къилбаседа Кавказан регионехь хьал кхин а чолхе хилар а билгалдаьккхира: кегийрхой терроран г1уллакхашна юкъаозош меттигаш кест-кеста нисло. Леррина т1еман операцин хьелашкахь тидам бира информацин махкахь тайп-тайпана радикалан ойланаш йаржор алсамдаларан. Оцу г1уллакхах террорхоша а, экстремистийн тобанаша а пайдаоьцу, кхечу х1уманашца цхьаьна, кегийрхоша лелош йолчу интернетехь а, кхийолу социалан машанашкахь а.
2024-чу шарахь к1оштахь 6 теракт йина, 200 сов стаг лаьцна, царех ах сов 35 шо кхачанза болу кегийрхой бу.
Карарчу хенахь х1оьттинчу хьолаца доьзна, профилактикан болх вовшахтоха лерина ду. Цу г1уллакхана юкъадог1у тайп-тайпанчу хаарийн дакъошкахь шуьйра говзанчаш юкъаозийна ца 1аш, наха лоруш болу юкъараллин белхахой а, динан векалш а, халкъан культурин белхахой а, спортхой а, блогерш а юкъаозор а.
Иза болх кхочушбийр бу Антитерроран Комитетийн 1уналлехь, федералан 1едалан г1оьнца.
Цхьаьнакхетарехь билгалдехира Къилбаседа Кавказехь терроризмана дуьхьалойаран декъехь долу коьрта декхарш, терроран пропагандина дуьхьало йарна т1ехьажийна долу.

 

Бибулатова Iайнаъ

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля