СаIудера хьеший тIелацар

 

Д1адаханчу к1иран чаккхенехь Х1енж-г1ала баьхкира беза хьеший. Шайн коьртехь хьаджан а, 1умран а г1уллакхийн министр Тауфик Фавзан Аль-Рабиа а волуш, Са1уди пачхьалкхера йоккха дедегаци йара йеана.

Уьш т1елоцуш, аэропорте царна дуьхьала бахана бара регионан куьйгалхо Меликов Сергей а, сенатор Умаханов Ильяс а, ДР-н Госсекретарь Магомедов Магомед-Султан а, иштта д1а кхин берш а.
Цул т1аьхьа хьеший балийра Доттаг1аллин Ц1ийна. Цигахь царна йовзийтира, 1ийса Пайхамаран (1.с) ц1арах йеш йолучу Духовни комплексан проект. Иза йеш йу Х1енж-г1алахь. Цунна йукъайог1уш йу бошмаш, сада1аран паркаш, 23 эзар стага цхьана ламаз дан йиш йолу доккха маьждиг. Кхузахь Меликов Сергейс элира, — х1ара маьждиг республикин жовх1ар хилла д1ах1уттур ду, аьлла. Иштта, Х1енж-г1алара аэропортехь бен лерина белхаш бовзийтира баьхкинчаьрга. И г1уллакх ма-дарра дийцира гендиректора Рамазанов Саида.
Цул т1аьхьа, Меликов Сергейн а, Тауфика Фавзан Аль-Рабиан а официальни цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дийцаре дира Дагестанан а, Са1удин а цхьамогг1а цхьан бан лерина белхаш, шех коьртаниг хьаджан г1уллакх а долуш. Церан цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара 1едалан профильни лаккхара белхалой.
«Х1ора шарахь Россера тхо долучу хьадж дехка вог1уш 25 эзар стаг ву. Ткъа 1умра доьхкуш д1адаханчу шарахь 72 эзар веана. И терахь х1ора шарахь лакхадолуш лаьтташ ду», — элира лаккхарчу хьешас.
Дисинчеран йукъахь, дийцаре дира Х1енж-г1ала-Са1уди кема леларан хаттар а. Регионан куьйгалхочо билгалдарехь, йукъаметтигаш ч1аг1 йан дика бахьана ду иза.
«Са1удера бахархой хьошалг1а кхойкху оха. Оха безаш т1елоцур бу уьш. Тхуна хьеший дукхабеза. Т1ебог1урш дукха мел хуьлу хазахета тхуна», — т1етуьйхира Меликов Сергейс.
Цхьанакхетар д1адерзош, гулбеллачаьра йуха а билгалдира, х1ара санна мероприятеш Дагестанана а, Са1удина а пайда болуш хир йу, аьлла.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля