Шераша чехадеш, кхолламо цоьстуш,
Деноша ца хьоьстуш, д1аг1ерта тхо.
Хилларшший, лелларшший буха а дуьтуш,
1алашдан г1ерта- кха, газета, хьо…
И ша дерриг сан а, сан накъостийн а дагах ткъес тухуш чекхдаьлларг ду. Тахана, везачу Делан рицкъанаш хиларна, кху вайн цхьаъ бен доцчу «Нийсо» газетан творчески тобане нисдаларна, шуьга кхин цкъа а вистхила аьтто баларна дозалла а деш, къамел дан лаьара суна.
Б1аьстанца а, гуьйре т1ееача а жигара буьйла кху, журналистийн, болх, бохург, хьуна дага даг1ахь, ас лелочун мах ца хиларах а кхеташ ву со. Х1етте а, газете язвалар кийрахь вайнехан дог долчун декхар дуй–м хаьа суна.
Ма сиха дицделла вайна шийлачу Сибреха ненан маттахь олуш цхьа–ши дош мукъане а хаза йиш йалахьара, боху, и сингаттаме миноташ, денош, шераш…
Дег1аста республикехь вайн маттахь радио, газета ца хилар, Конституцица дог1уш ца хилар, дуьтур дац, бохуш, Делан эхарта бирзинчеран къинна х1ун де–те вай? Ахча–бохча дуьйцуш а, и къуьйсуш а ма ца лелла и халкъан бакъболу к1ентий…
Церах х1унда ца хета вайна эхь? Цхьа дарж, йа т1е х1ума йог1уш йолу меттиг хааелча–м, некхара мозий санна, т1емахьийза вай! Оцу хенахь ма хуьлу вайгахь ахча а, бохча а . Ткъа газете вазваларан мур т1екхаьчча, со–ас, боху, и «хьал долу к1ентий» кара а ца бо. Дика ду–кх буьйцуш берш нахана а, халкъана а бевзаш болу.
Бакъду, къоман патриоташ, мохк, халкъан истори, культура, литература, поэзи езаш болу хьалдолу к1ентий а бу вайн. Царна даггара баркалла ала лаарал совнаха, оцу бисинчу «шеконе» баьлла лаьттачаьрга вистхила лаарна деш ду х1ара къамел.
Уггаре а коьртаниг церан а, вакхарийн а ц1ераш суна а, халкъана а йевзаш хилар ду. Г1одечаьрна даггара баркалла алар а, бисинчаьрга газетах а, вайн къомах а ойлайеш хилахьара, цхьа жима мукъа а, бохург, дагахь долуш йаздеш ду х1ара, дукхах болчаьрна к1ордийна дог1уш долу, мог1анаш. Дуьйцучух вай нийса кхетарг хиларах тешна волу
Iабдулнесаран Iумар
2–чу августехь 1990–чу шерахь «Халкъан Аз» газетан хьалхара номер арайьлла.
2–чу мартехь 2001-чу шарахь цу газетан т1аьххьара 8-г1а (981) номер арайьлла.
15–чу мартехь 2001–чу шарахь Республикански статус йолуш «Нийсо» газет арадаьлла Дагестанехь меттигерчу нохчашна лерина.
Оцу шина газетан коьрта редактор (шу марша) Аблиев Зайнди вара.