Кегийрхой Армеха кхайкхарах лаьцна …

 

Мангалан чаккхенехь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс д1айаьхьира рог1ера кхеташо. Иза лерина йара республикера военкомато б1аьстенан призывни мур д1аберзорна.

Х1инццалца санна, кху шарахь военкоматийн болх д1аболабелира оханан баттахь. Ткъа иза чекхбелира баханчу беттан чаккхенехь. Москохара схьадаийтина т1едахкаршца нийса а дог1уш, призывни мур кхоччуш д1абирзина.
Меликов Сергейс билгалдарехь, оцу хьокъехь жигара дакъа лаьцна х1окху г1аланашкара а, к1ошташкара а военкоматаша а, муниципалитеташа а: Х1енж-г1ала; Буйнакск-г1ала; Кизляр-г1ала; Южно-Сухокумск-г1ала; Хасавюрт-г1ала; Дербент-г1ала; Дагогни-г1ала; Буйнакски к1ошт; Кизлярски к1ошт; Казбековски к1ошт; Гумбетовски к1ошт; Курахски к1ошт; Сулейман-Стальски к1ошт; Сергокалински к1ошт; Акушински к1ошт; Хасавюртовски к1ошт; Новолакски (Ауховски) к1ошт; Дербентски к1ошт.
Дагестанан куьйгалхочо баркаллина дош элира гулбеллачаьрна а, иштта, и белхаш д1ахьош къахьегначу муниципалитетийн белхахошна а. Цул совнаха, Меликовс цхьамогг1а т1едахкаршца омра дира, гуьйренан призывни мур д1абахьаран хьокъехь.
Кхуззахь ч1аг1дира, леррина т1еман операци йолучу «Ц1ен» зоне уьш буьгар болуш цахилар а.
Баймурадов Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля