Х1окху к1иран хьалхара дакъа Къилбаседа Кавказан регионийн берриге а бохург санна, хаамийн г1ирсаш Соьлжа-г1алахь бара. Цара довзуьйтург – Кавказан инвестиционни форум д1айахьар дара. Х1ара цхьаьнакхетар, шеко йоцуш, йерриге а Кавказехь политически а, экономически а аг1орахула кху шеран коьрта мероприяти йара.
Оршот дийнахь Дагестанан гайтамна кечйина йолу стенде веара Россин Федерацин Правительствон Председателан г1овс Новак Александр. Цуьнца цхьана бара вайн лулара регионашкара куьйгаллин лаккхара белхахой а, меттигера Правительствон Председатель Даудов Мохьмад а.
Меликов Сергейс цаьрга йовзийтира Ахтынски г1ап меттах1отторан проект. Цигахь бан безаш дуккха а белхаш бу. Меттигерчу хьоладас шегара харж а йеш, д1аболийна дара и г1уллакх. Йог1учу ханна, и г1ап дуккха а туристаш бог1уш хир йу. Иза йоцург а, регионан куьйгалхочо гулбеллачаьрга йовзийтира «Каспийский прибрежный кластер» олу проект а.
Х1окху форумехь дуьххьара барт бина долу кехат (документ) д1айаздира «Каспийские курорты 1» акционерни йукъараллин а, Дагестанера Минтуризман а йукъахь. Цуьнан гурашкахь дан лерина пхиъ седа болуш хьешийн ц1а. Иза лерина ду 220 хьешашна. Иза чекхдаккха лерина 2028-чу шарахь. Новак Александран а, Меликов Сергейн а куьйгаллица Дагестанан туризман министра Мерданов Эмина барт беш кехат йаздира оцу хьокъехь.
«Аса даггара декъалдо шу, х1ара барт хиларца! Йерриге пачхьалкхера бахархошна бохург санна, пайде хир ду и хьешийн ц1а. Президента Путин Владимира билгалйаьккхина «пхиъ х1орд» программина йукъа дог1уш ду иза. Вай сих-сиха толлуш 1ийр ду цу т1ехь беш болу белхаш», — элира Новак Александра.
«Гергарчу хенахь тхо кийча хир ду йерриге а Россера бахархой т1елаца. Уьш тхан вежарий а, накъостий а бу. Оха кхойкху Дагестане берриге и туристаш», — т1етуьйхира Меликов Сергейс.
Цул совнаха, Дагестанан а, Кабардино-Балкарин а йукъахь барт хилла, кхин д1а цхьана дуккха белхаш бан, йохка-эцаран а, экономически а, научно-технически а, оьздаллин а аг1орахула. Цуьнца доьзна, йукъаметтигаш ч1аг1йан лерина транспортни а, информационни коммуникацийн а, промышленни комплексан а, г1ишлошйаран а, архитектурни а, спортан а аг1орахула.
Иштта, Меликов Сергейс барт баран кехат йаздира Къилбаседа Х1ирийчоьнан куьйгалхочуьнца Меняйло Сергейца. Кхин д1а вовшашца бан лерина белхаш агропромышленни а, предпринимательски а, заь1апхойн тидам барна а аг1орахула бу.
Цул т1аьхьа Меликов Сергей цхьаьнакхийтира АО «Новавинд» генеральни директорца Назаров Григорийца. Цара дийцаре дира вайн регионехь мохаца ток йаккхаран хьал. Оцу компанис Новолакски (х1оьрдйист) к1оштахь йан лерина 300 мегаватт нуьцкъалла йолуш мохаца йолу электростанци. Документашца бан безаш болу белхаш чекхбевлла. Йина йаьлча, вайн пачхьалкхехь уггар а йоккха мохан электростанци хир йу иза. Цуьнах пайда оьцур бу 2026-чу шарахь дуьйна.
«Газпром межрегионгаз» гендиректорца Густов Сергейца а хилира беркате цхьаьнакхетар вайн регионан куьйгалхочуьн. Цара дийцаре дира республикера бахархошна массарна а газ кхачор. Т1едог1у шо чекхдалале 200 сов йарташка газ йига лерина Дагестанехь.
Форуман хьалхара де д1адерзош пленарни кхеташо хилира. Кхузахь дийцаре дира Къилбаседа Кавказ кхиорах лаьцна. Дукха хьолахь, экономически хьал дара шуьйра довзуьйтуш. «Йоккха Кавказ: х1ордан т1ера х1ордан т1е» — йара коьрта тема. Вице-премьера Новак Александра элира, — «х1окху округан дуккха а таронаш йу туристаш т1елаца», — аьлла. «Цул совнаха, луларчу пачхьалкхашца цхьана белхаш бан а аьтто бу меттигера экономика то йан».
Шинара дийнахь форуме кхечира Правителсьтвон Председатель Мишустин Михаил. Кхузахь Меликов Сергейс цунна йовзийтира Дагестанан стенд. Хьалхарчу дийнахь Новак Александрна санна, Мишустин Михаилна а ма-дарра довзийтира регионан туристически хьал. Иштта, бог1учарна вайн истори йовзийта лерина белхаш а бийцира лаккхарчу хьешана.
Массеран а стендашкахула ша чекхваьлча, Мишустин Михаила жоьпаш делира журналистийн хаттаршна. «Вай кхузахь пхиъ проект билгалйаьккхина. Ткъа церан мах хадо биъ гайтам бу вайн – регионан чоьхьара сурсат, инвестициш, белхан меттигаш, белхалойн алпа», – элира цо.
Цул т1аьхьа Премьер-министра кхеташо д1айаьхьира СКФО кхиоран декхарш кхочушдеш болучу Правительствон декъашхошца. Дагестанера социально-экономически хьал довзуьйтуш доклад йийшира Меликов Сергейс а.
Кхеташонан жам1ашца, Правительствон Председатела элира гулбеллачаьрга.
«Ала лаьа, Къилбаседа Кавказ кхиорехь дуккха а белхаш бу беш. Федеральни а, региональни а т1ег1анашкахь оха к1орггера тидам беш бу оцу г1уллакхна. Вайн декхар – бахархойн экономически хьал лакхадаккхар ду. Транспортни хьал ду кхузахь хийца дезаш. И г1уллакх профильни ведомствошна т1едуьллу вай. Туристашна аьтто бар кхин д1а а д1адахьа деза. Цуьнах боккха пайда бу. Аса кхайкхам бо шоьга, х1орамма а ша жоьпаллехь волччохь белхан тергам бар», — элира лаккхарчу хьешас.
Газетан коьрта редактор Якиев 1умар:
Соьлжа-г1алахь КИФ д1айахьар – СКФО-н лаккхара тешам.
Хазахета, Кавказ аьлча ирча сурт б1аьрадуьхьала х1утту хан чекхйаьлла йолу. Пачхьалкхан арахьара а, федеральни центрера а резабоцуш хьоьжура вайга хьалха. Ткъа х1инца и хьал иштта чолхе дац аьлла тешна ву со.
Соьлжа-г1алахь КИФ д1айахьар боккха пайда бу йерриге а округана. Социальни а, экономически а хьал лакхадаккхаран бахьана ду иза. Кху шарахь кхузахь дакъалоцуш болу декъашхой Россера хилла ца 1аш, лулара пачхьалкхашкара а бара. Кхаа дийнахь кхузахь йийцаре йира цхьамогг1а проекташ, шена йукъахь транспорт а, образовани а, йуьртабахам а, энергетика а, иштта д1а кхин а программаш а йолуш.
Со тешна ву, х1инццалца схьа Кавказаца «шийла» уьйр йолуш хилла берш а, «Хватит кормить Кавказ!» бохуш, кхайкхамаш беш берш а х1инца нийса кхетар бу. Бакъдолуш, иттанашкахь шерашкахь схьа, Кавказера дерриге а къаьмнаш цхьабосса къахьоьгуш ду Россин экономика лакхайоккхуш, дозанаш лардеш, оьздалла кхиош.
Кечйинарг
БАЙМУРАДОВ Мовсар