ЧIиръекхар: пайда я зулам

 

ХIокху статьяхь вай чIиръекхарх лаьцна дуьйцур ду, Дала лардойла вай цунна юккъехь муьлххачу а агIор дакъалацарх.
Бодане а, хьалхарчу заманашкара дисина айпе хIума а шех олучу чIиръекхарх пайда хуьлийла дуй те? Ду, амма цхьана бехкамца: нагахь иза кхочушдеш, шариIатан массо а агIо ларъеш елахь. Дезачу Къуръанна а, Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Сунни тIехь а (дахаран некъа тIехь) лаьтташ долу шариIат (исламан закон) массо а ханна лерина ду – Къематде тIекхаччалц йолчу. Цунна чохь цхьа а ледара меттиг а, кхачамбацар а дац. Къуръанан 2-чу суратан 179-чу аятан тапсиран (кхеторан) гочдаршкахь аьлла ду: «Бекхамах лаьцна шариIатехь болу АллахIан къинхетам боккха бу. Иза бахьана долуш нахана юккъехь кхерамза а, паргIат а дахар ду. Бехк а боцуш стаг вен дагадеанчунна хаьа, ша а цу тIехула лийр вуйла, цундела зулам дарна юхаволу иза. Иштта цо шен а, шена вен дагадеанчун а дахар кIелхьардоккху. Кхетам болчу нахана хаа деза, бекхамбарехь шайна дахар хуьлуш дуйла. Хила мега, уьш Делах кхоьруш хир бу!»
Исламан мостагIаша а, шайн дин емалдечу цхьаболчу бусалба наха а леррина талхо гIертарна, юкъараллин кхетамехь тIе ца оьцуш долчу ШариIатан нийсачу законо бехк боцуш, хуъушехь вийначу стагана тIера бен чIир екха магош дац. Иза дан магош ду, нагахь нийсо лелочу, аьлча а, Делах тешаш болчу, нахах лаьттачу тешашкахула кхелехь гIуллакх къастийна делахь, я кхетамехь а волуш, нуьцкъала дайтина а доцуш, куьгбехкечо даре дина делахь. Ткъа ларамаза стаг верна я хуъушехь стаг верах тера долчу верна тIера бехкеволчуьнгара гIуда даккха магадо ШариIато.
Ларамаза стаг вийнарг я хуъушехь стаг верах тера долу вер динарг, бекхам беш, вийначу стагана шена а бехкевар тIедожадо ШариIатехь – «хуъушехь стаг вер» олучу бехкаца. Ткъа хуъушехь стаг вер иза доккха къа ду, цунах долу таIзар – абаденналц жоьжахатин Iазапехь валлар ду. Делах тешачу стагана ур-аттал хьозанна а топ хьажо магош дац, нагахь юучунна лерина иза дацахь, стагах лаьцна-м дийца а ца оьшу.
Иштта Сийлахьчу АллахIан тIедилларо къинхетаме а, гечдаре а кхойкху. «Нагахь бекхам бан бакъо йолчара стаг вийначунна гечдахь, церан бакъо хир ю шайн вийначунна тIера мах схьаэца. Амма церан бакъо яц къизачу кепара мах схьабаккха, ткъа стаг вийначо хьем ца беш ша динчу зуламах догIург дIадала деза. Исламан законехь – АллахIера къинхетам а, паргIато а ю, хIунда аьлча бекхам бан бакъо йолчара стаг вийнарг вита а мега. ШариIато бохург а талхийна, вита а витина, мах схьаэцначул тIаьхьа куьгбехкениг вийначунна дуьненахь а, эхартахь къиза таIзар хир ду».
(Аль-Бакъарат суратан 178-чу аятан кхеторан гочдар)
Шена чохь бекхам баран маьIна стагана дуьхьал стаг вер долчу Товратал къинхетаме ду бусалба закон (ШариIат). ШариIато нийса бекхамбар магадо, амма оццу хенахь гечдаре а кхойкху цо.
Кхин а билгалдаккха догIу, ШариIато ца магадо стаг вийначун ур-аттал уггар а уллора гергара стаг вен а, нагахь шен цамгарх бехкениг веллехь, я иза кхечу наха вийнехь. ЧIирхойн бакъо яц бехк боцург вен, ур-аттал иза зуламхочун да я ваша велахь а.
Ткъа кавказахойн я азиатийн бекхамбаран законех лаьцна аьлча, дукха хьолахь, тIаьхьарчу иттаннаш шерашкахь лакхахь хьахийна шариIатан я светски законаш муххале а лардеш ца хиллачу, – иза деккъа закон талхор ду. Иштта чIир йоькхучу хенахь кхеле а, тешашка а ца бовлу, даре дар а тIе ца дожадо, нийсо а ца ларйо, бекхам совбаларх ца ларло. Цу «чIирхойн» Iалашо мостагIашна алссам зен дар а, алссам балахьегийтар а ю.
Ишттачу бекхамбарехь цхьа а бехк боцу нах а байина хила тарло, уьш куьгбехкечуьнан гергара я цIийнан, тайпанан хиларна. Иза ю акхаралла, иза ю джахали (ислам дин тIеэцале йолу хан).
Исламо вон а, ницкъбар а тIе ца оьцу. Стеган дахар Исламехь барам боцуш деза ду.
Аль-Маида суратан 32-чу аятан тапсирехь( кхеторехь) боху: «ЧIир йоькхуш а доцуш, вен бакъо а йоцуш, стаг вийначо шена тIе АллахIан оьгIазалла йоссайо, дерриг а адам дийначо тIейоссийча санна. Ткъа цхьана стеган дахар лардан бахьана хиллачо АллахIера деза совгIат схьаоьцур ду, доллу адаман тукхам кIелхьардаьккхинчо санна».
Ткъа иштта ала догIу, стаг а вийна, валлал чIогIа къа а латийна, дохковаьлларг Веза-Воккхачун къинхетаман а, гечдаран а сатуьйсийлах дог дилла декхарийлахь вац. Къуръана тIехь ма-аллара: «…Цхьаъ бен воцчу АллахIан ду стигалшкахь а, лаьтта тIехь а мел дерг! Шен ницкъаца а, хьекъалаллица а Шена луъучунна таIзар до Цо, Шен хьекъалаллица а, къинхетамца а геч а до Шена луъучунна. АллахI Нуьцкъала ву, хIора хIуманна тIехь олалла а, ницкъ а болуш ву!»
(Аль-Маида сурат, 40-гIа аят)
Вийначунна тIера богIучу мехах дерг хьахийча, – стеган дахаран мах ца къастабо цо, уьш зен диначунна бехкечо ницкъ кхочучу кепара деш долу такхарш ду.
Исламо машаре, догъэцаре, къинхетаме, гечдаре, Делан а, пачхьалкхан а, вай Iаш долчу юкъараллин а законаш кхочушдаре а, эхь-бехк лардечу паргIатоне а кхойкху.
Вайна тIехь ечу а, вай ечу а харцонех лардойла вай АллахIа. Инзаре йоккха ю АллахIан хьекъалалла, Цуьнан коьмаршаллин доза дац, Цуьнан къинхетам массанхьа а кхочу. Вайн дешнийн тIаьххьара тIечIагIдар: дуьненийн Эла волчу АллахIана хастам бу!
Муртазаев С. Гочдинарг Арсанукаев Муса

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля