Йерриге а Россина вевзина дагестанхо

Оршот дийнахь регионан куьйгалхо Меликов Сергей цхьанакхийтира Леррина операцин декъашхочуьнца Магомедов Мухьаммадца. Т1емлочуьнца цхьана йеана цунна нана Халилова Шахназ а йара.

Меликов Сергейс баркалла элира махкахочунна, цо турпалла гайтарна. Республикан куьйгалхочо элира, муьлххачу а аг1ора Мухьаммадана г1о дан кийча йу регионан куьйгалла.
«Тхуна массарна а ч1ог1а хазахийтира, рог1ера вайн махкахочо иштта турпалла гайтина. Хьо тхан дозалла а ду, хила ма-везза т1емло а ву. Ткъа хьуна – нене а вирзина – кхин а доккха баркалла ду иштта волу турпалхо кхиорна.», — т1етуьйхира М. Сергейс.
Цул т1аьхьа Мухьаммадас дийцира шех лаьцна.
«Лазийначулла т1аьхьа сан цхьа кхерам бара – кхин д1а сайна дезарг дуьсуш лаьтта-кха сан аьлла. Ткъа суна дезарг х1ун дара? Дера дара эпсаран т1ег1ане валар. Сан ирсанна, х1инца а пачхьалкхан т1еман г1уллакхна пайде къахьоьгуш ву со. Дербент-г1алара военкоматехь болх беш ву. Иштта, Лаккхарчу дешаран туьшехь доьшуш ву. Йог1учу ханна оцу некъа т1ехь лаккхарчу дарже кхача ойла йолуш а ву», — дийцира Магомедов Мухьаммадас.
Кхуззахь Меликов Сергейс декхар кхочучу урхаллашка омра дира, Мухьаммадан оьшучу г1уллакхе хьажа аьлла.
Дагадаита лаьа, Рутульски к1оштарчу Ихрек йуьртара вахархочух лаьцна передача йина йара к1ира хьалха «Россия 1» каналехь. Цара билгалдира, хьалхуо, вайн салтийн тоба йийсаре лаца кечамаш беш хилла мостаг1. Мухьаммадан майралла бахьан долуш, церан т1елатар духатоьхна хилла. Украинийн т1емлойн дагахь дерг кхочуш ца хилийтира вайн махкахочо. Шен могашаллин а, синан а ойла а ца йеш, накъостий к1елхьара баха г1оьртира Мухьаммад. Накъостий к1елхьара баха-м тар делира, делахь, ша зиэн ца хуьлуш ца висира иза – ког д1абаьккхира цуьнан. Х1инца протезаца лелаш ву и.
Ас-со бохуш, ша динариг доккха х1ума ду бохуш, лелаш вац Мухьаммад. Оьзда а волуш, лела а хууш а ву. «Турпалхочо» дийцарехь, иза дохко ца ваьлла ша иштта хьуьнар гайтарна.

БАЙМУРАДОВ Мовсар

 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля