Мангалан беттан 1-чохь Х1енж-г1алахь регионан куьйгалхочо д1адаьхьира шуьйра цхьаьнакхетар. Кхузахь дакъалоцуш бара Дагестанера тайп-тайпана йукъараллин организацийн декъашхой а, 1едалан белхалой а.
Баханчу беттан 23-чохь хиллачунна жам1аш дарна лерина йара х1ара мероприяти, коьрта декхар – кхин д1а йог1учу ханна иштта долу хьал ца х1оттийта. Цхьаьнакхетар д1адолийра бистцахиларан минотаца, хиллачу терактехь белларш дага а лоцуш.
Баьхкинчаьрга вистхуьлуш, регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс элира, и теракт йиначеран коьрта 1алашо – республикера машаре хьал дохор йара аьлла.
«Вайна дика дагадог1у, даханчу б1ешерийн 90-чу шерашкахь дуьненайукъара зуламхоша вайн цхьаалла йохо ойла йолуш диначунна зуламашна вай массара а цхьана йина йолу дуьхьало. Беккъа ц1ена нуьцкъаллин структурийн белхахой хилла ца 1аш, мог1арера махкахой а бара царна дуьхьалбевлла. Дукха хьолахь, и бахьна долуш, террористийн зулам духатуьйхира вай. Х1инцца вайн махкахь 1анийна долу ц1ий – леррина пит1на дара, тайп-тайпана дин лелош болучарна йукъахь даржо 1алашо йолуш. Царна луург – къаьмнийн йукъара барт-машар бохор дара. Амма, х1инццалца схьа санна, церан аьтто ца бели оцу зиэне г1уллакхехь.
Вай сема хила деза, х1унда аьлча, и санна пит1ане хьолаш кхин а хила тарло. Вайна хаа деза, цара лоьхург х1ун ду, динан т1ехьа а лечкъаш. Къаьсттина, динна дуьхьало йар ду цара лелош дерг. Цхьа а зулам хила йиш йац йа бусулбанийн, кхин долучу динан а. Иза пит1ана бен хуьлийла дац.
Терроризман дуьхьалло йар кехат т1ехь хила дезаш дац. Оцу г1уллакхна леррина мероприятиш хила йеза. Йина ала ц1е хилийта йан ца йеза уьш. Вайн таханлера цхьанакхетаран а хила деза пайде жам1. Хаза дешнаш а аьлла д1асакъастар дац вайн декхар. Кхуьнан жам1ашца вай цхьа аг1о баккха беза, кхин д1а иштта чолхе хьал ца х1оттийта.
Оцу дийнахь беллачарах лаьцна. Суна нийса хета — зуламхойн карах белларш берриге а леррина т1еман операцин турпалхойн маг1арехь хила беза. Цара шайн синош цакхоор бахьна долуш, к1елхьара бевлла меттигера бахархой а, т1ебаьхкина туристаш а.
Кху заманахь мостаг1аша вайн йукъара хьал талхо лелош бу берриге а г1ирсаш, шайн йукъахь интернет а йолуш. Социальни сеташкахула кегирхошна хьехарш до цара, къаьмнийн йукъаметиг талхоран некъаш хьоьхуш. Дукха хьолахь, и мостаг1ий арахьара бу. Цара кхайкхамаш бо, 1едална кегирхой дуьхьалбахарца. Оцу хьокъехь сан кхайкхам бу журналисташка а, блогершка а. Аша нахана д1акхачо йезарг – иза нийса йолу информаци йу. Шуна хаа деза, шаьш бечу балхана шу жоьпаллехь дуй. Маггане а мегар дац бахархошна нийса доцург дийца а довзийта а», — т1еч1аг1дира регионан куьйгалхочо.
Цул т1аьхьа дош делира Дагестанан муфтийна Абдулаев Ахьмадна. Цо элира, «исламски террорист» бохург нийса дац аьлла.
«Цхьаболчу наха олу, уьш «исламски террористаш» бу олий. Лоьро г1алат даьккхича ма ца олий вай «врачебни терроризм»? Цхьана а динахь дац оцу чолхе г1уллакхе кхойкхуш. Дербент-г1алахь кхоъ дин ду. Йуьхьанца дуьйна уьш лелош берш берриге а машаре бехаш а бу. Лул-кулахь хуьлуш долу зиэнашна шек воцуш хила мегар дац. Терроризм динца йоьзна йац. Иза вайн массеран а бала бу».
Цхьанакхетарехь шайна хетарг олуш бистхилира цхьамогг1а декъашхой. Цара массара а дуьйцург цхьа бух болуш дара – терроризм динца хоттайелла йац, иза вайна йаукъахь хила йиш йац.
Х1окху цхьанакхетарехь дийциначух лаьцна, шена хетарг элира вайн газетан коьртачу редактора Якиев 1умара.
«Оршот дийнахь Х1енж-г1аларчу «Россия – моя история» ц1е йолучу исторически паркехь Меликов Сергейн цхьаьнакхетар хилира йукъараллин векалшца. Иза йара ши к1ира хьалха Дагестанехь йиначу терактан жам1ашна лерина.
Цо билгалдарехь, и зулам лерина къаьмнийн йукъаметтиг йохо. Х1инццалца схьа вовшашка ларам болуш 1аш болу неха барт бохор дара зуламхошна дезарг. Вайн халкъ ша-тайпа сийлалла йолуш ду, тайп-тайпана къаьмнаш цхьана дехаш хилар бахьна долуш. Иза билгалдира тахана Президент волу Путин Владимира, 1999-чу шарахь, Премьер-министран даржехь ша волуш Дагестане веача. Цо иштта элира – «Дагестане а, кхузара массо а къаьмнашка а сан ша-тайпа дог-йовхо йу».
Цул т1аьхьа дукха хан йаьллехь а, вайн республикехь дерриге а къаьмнаш шайн ламасташ а, 1адаташ а лардеш схьадог1уш ду. Массеран а йукъара декхар цхьаъ ду – дерриге а къаьмнашца мерза дахар хила деза, цхьа а бен доцуш, Дагестанера йа йерриге Россера.
Даймохк 1алашбеш эгначийн турпалалла йехар йу къоман иэсехь. Къаьсттина уьш бу вай базбан безарш, машаре бахархойн т1елетарш бац.
Лерина т1еман операции йолайелчахьана, Дагестанера 12 т1емло ву Россин Турпалхочун дарже ваьккхина. Халахеташ делахь а, царах цхьаберш беллачийн йукъахь бу.
Машаре дахар хуьлийла вайн массо а къоман йукъахь. Лаккхара кхиамаш хуьлийла вайн махкарчу бахархошна»!
Кечийнарг — БАЙМУРАДОВ Мовсар