ДIадаханчу йеарин дийнахь, 30-чу майхь, Соьлжа-ГIалахь Къоман библиотекехь дIадаьхьира сийлахьчу нохчийн йаздархочун Айдамиров Абузаран книгийн гулар йовзийтар. И мехала гIуллакх, вовшах а тоьхна, дIадаьхьнарг Нохчийн Республикин Йаздархойн союз йара.
Мероприятехь дакъалецира НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместитела-министро Кадырова Хадижас а, НР-н могашаллаIалашйаран министро Алханов Адама а, НР-н Парламентан декъашхоша а, ткъа иштта йаздархоша а, Iилманан белхахоша а, Абузаран гергарчу наха а, журналисташа а, нохчийн литература йезархоша а.
Мероприяти дIахьош волчу НР-н Йаздархойн союзан председатела Ельсаев Iаламахьада, хьешашка а, чохь болчаьрга а маршалла а хаьттина, гулдаларан бахьана дийцира. Цо даггара баркалла элира хьешашна кху меропритятехь дакъалацарна. Хадижа Рамзановна ша болх бечу муьлххачу а меттигехь нахаца гIиллакхе а, оьзда а чекхйаьлла. Ша школе дахазчу берийн заведенийн департаментехь куьйгалхо йолуш дуьйна, кхоллараллин союзашца уьйр латтош йара Хадижа Рамзановна. Бераш долчу хьошалгIа кхойкхура цо
йаздархой, артисташ, кхиберш а. Берашна хазахетар дахьаш, царна кхоллараллин белхахой бовзуьйтуш хуьлура и цхьаьнакхетарш. Иштта Йаздархойн союзана гуттар а гIо дина ву Алханов Адам а, ша хьалха НР-н Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацехь балхахь волчу хенахь дуьйна. Цу Администрацин куьйгалло ахчанца гIо даран бахьаненна зорбане йаьлла йу кхузахь презентаци йеш йолу НР-н халкъан йаздархочун Айдамиров Абузаран книгийн гулар, элира Ельсаев Iаламахьада.
Нохчийн Республикин Йаздархойн союзан балхана гIо дарна а, цо дIахьочу мероприятешкахь жигара дакъалацарна цу организацин цIарах мидалш йаларца совгIаташ делира Кадырова Хадижина а, Алханов Адамна а.
Республикин Правительствон цIарах кху мероприяте баьхкинчу Айдамиров Абузаран доьзалан декъашхошна ахчанан совгIаташ дира Кадырова Хадижас.
Мероприяти дIахьочу Ельсаев Iаламахьада дош ло нохчийн халкъан йаздархочунна, литературни критикна Бурчаев Хьалимна. Цо дийцира Айдамиров Абузаран книгаш тIехь Йаздархойн союзан белхахоша: Цуруев Шарипа а, Арсанукаев Мусас а, ша а бинчу балхах лаьцна. Хууш ма-хиллара, йаздархочун шаьш кечйина гулар нохчийн маттахь дуьххьара арайолуш йара. Шаьш леррина болх беш, халонаш, вовшашца дага а довлуш
дIа а йохуш, къахьийгира. Белхан мах йешархоша хадор бу, элира Хьалима. Дош ло йаздархочунна а, Айдмировн гуларна тIехь къахьегначу редакторна а Арсанукаев Мусана. Шайна хьалха лаьттарг мел чолхе а, жоьпалле а болх буйла хаьара шайна, элира Мусас. Айдамиров Абузар нохчийн литературин классик а, доккха похIма долуш а, халкъалахь боккха ларам болуш а йаздархо вара, цундела цуьнан говзарш шайна тIехь леррина болх бан безаш йара.
ХIора дош луьттуш, леррина йийшира шаьш йаздархочун книгаш. Гулар 8 томах лаьтташ а, Абузаран йерриге а аьлла говзарш шайна йукъахь йолуш а йу. Иштта хIара болх вайн республикин Iедалан гIоьнца бина бу, шаьш, цунна тIехь къахьегначара, даггара баркалла боху гулар зорбане йаккха аьтто биначарна массарна, элира Мусас, шен къамел дерзош.
Цул тIаьхьа къамелаш дира йаздархоша а, журналисташа а, Iедалан белхахоша а, Iилманчаша а. Цара массара билгалдаьккхира Айдамиров Абузар доккха похIма долуш йаздархо а, шен къоман патриот а, оьзда стаг а, вуьззина нохчийн къонах а хилар.
Журналиста Сумбулатов Денис элира, Айдамиров Абузаран кхолларалла массо а хенахь мехала йу, хIунда аьлча цо халкъан истори, цуьнан дахаран хьал гайтина. Иза шена тIе чолхе киртиг хIоьттича, собарх а, доьналлех ца духура, цу гуттар а шен маршонехьа къуьйсура. Иза дика гайтина йаздархочо шен произведенешахь.
Абузаран кхоллараллин лаккхара мах хадийра нохчийн халкъан йаздархочо Бексултанов Мусас. Иза гуттар а шен къомах дог лозуш а, цунна шен ницкъ кхочучу кепара гIо дан гIерташ а вара. Ткъа цуьнан кхолларалла вайн халкъан синан дахарехь йоккха лар йитина а, мехала хазна хилла а лаьтташ йу, дерзийра Мусас шен къамел.
Абузар уллера вевзачарах цхьаъ вара поэт Саиев Iумар. Цо дийцира халкъан йаздархочуьнца шен хиллачу йукъаметтигех лаьцна. «Иза волчохь гуттар а нах хуьлура, Абузар уллера вовзархьама а, йа цуьнга цхьа дехар дархьама а богIий. Жоп ца луш, тергам ца беш, цхьа а дIа ца вохуьйтура цо.
Шена жимма а мукъа хан йаьлча, книгаш йоьшура цо. Иза Iаламат дукха книгаш йешна, исторех, литературех, политикех, дуьненан культурех кIорггера хаарш долуш вара», – шен дагалецамаш бовзийтира Iумара.
Академика Дадашев Мохьмада а, йаздархочо Джунаидов Аюба а дийцира Айдамиров Абузарах лаьцна. Церан дагалецамашкахь оьзда а, доьналла долуш а стаг санна висина иза. «Йаздархочо хилла ца Iаш, муьлххачу а нохчичо цуьнгара масал эца мегар дара»,– элира Мохьмада.
«Тахана зорбане йаьлла Абузаран йозанийн гулар Iаламат мехала совгIат ду вайн халкъана. Цуьнан кхолларалла йовза луучеран аьтто хир бу и книгаш йеша, Абузаран говзаллин мах хадо, цуьнан дешан хазаллех марзо эца», – элира Джунаидов Аюба.
Цхьаьнакхетар дерзош, баркаллин дош олуш, йистхилира Айдамиров Абузаран йоI Машар. Цо доккха баркалла элира Абузаран книгийн гулар зорбане йаккхарна а, шайна совгIаташ дарна а.
Мероприяте баьхкинчеран самукъадаьккхира Нохчийн Республикин халкъан артиста Межиев Сахьаба а, артиста Гунашев Адама а Айдамиров Абузаран дешнаш тIехь кхоьллина иллеш дIа а аьлла.
Арсанукаев Муса, йаздархо