Мехала дерг дIахьехар

Нисса цхьа к1ира хан йели массо а пачхьалкхехь Толаман Де даздина. Иза, йуха керла дийца ца оьшуш, массарна а дика девзаш ду. Цуьнах лаьцна массо а хаамийн г1ирсашкахь, карладоккхуш, довзуьйтуш а ду. Оцу денна лерина дуккха мероприятеш д1айаьхьира вайн махкахь а.

Дагестанехь бехачу нохчийн йукъаралло вовшахтоьхна цхьанакхетар д1адаьхьира шина йуьртахь. Х1ора йуьртара векалш йукъахь а болуш, дуьххьара цхьанакхийтира 1овхойн махкарчу Мини-Атаг1ахь. Кхузахь, хууш ма-хиллара, Советски Союзан Турпалхочунна Нурадилов Ханпашина х1оттийна х1оллам бу. Ша вина Г1ачалкъахь велахь а, жимчохь дуьйна да-нана а делла байлахь висар бахьна долуш, Ханпаша а, иштта, цуьнан баккхий вежарий Х1ункарпаша а, Мухтарпаша а Мини-Атаг1арчу гергарчаьара кхаьбна. Цигара д1абахана уьш т1аме а. Ткъа уггар жима-х верг — Ханпаша, шен ханна диъ шо т1е а тохийтина, вахана. Дуьххьара кара герз эцча цунна 16 шо бен ца хилла. Амма, доьналла а, майралла а шегахь дуккха хилар бахьна долуш, Сийлахь Боккха т1ом болабелла дукха хан йалале шен ц1е Турпалхойн маг1аре йаккхийтина цо – эзар гергга мостаг1ий х1аллакбина, шуьйтта салтий а, эпсарш а йийсаре а лаьцна. Иштта хьуьнар цо гайтар бахьна долуш, 1943-чу шеран оханан беттан 23-чохь Советски Союзан Турпалхо (беллачерийн маг1арехь) ц1е йелла Ханпашина.
Мини-Атаг1ахь Турпалхочунна х1оллам х1оттийна масийтта шо ду. Т1аьхьарчу шерашкахь х1утосург беттан иссалг1ачохь кхуза бог1у Ханпашин гергара нах, йуьртара бахархой, йукъараллин декъашхой, 1едалан белхалой, Афганистанехь т1ом бинарш а, дешархой иштта кхин д1а а. Д1адаханчу йеари дийнахь а хилира иштта цхьанакхетар. Баьхкинчара дийцаре дира Турпалхочун дахарах а, цо т1амехь гайтинчу хьуьнарах а лаьцна.
Цигара баьлча, берриге а цхьана, 1овхойн махкан Г1ачалкъа йуьрта баьхкира. Хууш ма-хиллара, Сибреха кхелхинчеран х1олламан майданахь, Сийлахь Боккхачу т1амехь эгначу Дагестанера нохчашна х1оттийна х1оллам бу. Лакхахь хьахийна боцурш а, кхуза баьхкинера ишколашкара а, берийн бошмашкара а дешархой. Шайн программина йукъайог1уш, гулбеллачаьрна цара йийшира байташ. Иштта, луъ-луучунна аьтто бара вистхила. Кхузахь дийцаре дира, вайн къомах болчу т1емлоша Сийлахь Боккхачу т1амехь дакъа лацар. Дагадаийта лаьа, Дагестанера нохчех шиъ Турпалхо ваьлла (бакъду, и ц1е шайна йала йезарш-м дуккха а хилла, делахь, нохчий хилар бахьна долуш 1едало ца йелла царна), ткъа йисина медалш а, орденш массарна а бохург санна кхаьчна. Цхьа хан йаллалца бакъдерг вайга ца довзуьйтуш, архившка ца дуьтуш, лачкъийна лаьттина вайн дайша фашизмана дуьхьала т1ом баран истори. Х1етте, хенан йохаллехь, вайн къоман патриоташ къар ца луш, маь1-маь11ехула хоьттуш, дуьйцуш, бакъонна т1аьхьакхуьуш белхаш ду деш. Царах цхьаъ ву Касимов Вахьид. Дукха хьолахь, Вахьида бинчу белхан жам1 ду и Г1ачалкъара иэсан х1оллам. Боккъала бакъ долуш, тахана архивашкахь гучуваьлла кхоъ эзар сов т1емло.Уьш берриге а Дагестанера д1абахана нохчий бу. Вайна шера дагадог1у, луларчу къаьмнийн векалша бехк боккхуш, дуьйцура, нохчий т1амехь хилла а бац бохуш. Ткъа х1окху х1олламехь д1айазйина ц1ерашца билгалдолу, вайн дайша-дедайша жигара дакъалаьцна хилар. Цул совнаха, кхин а билгалбевлла виъ б1е гергга т1емлой а бу, оцу х1олламехь д1абазбина а боцуш. Церан ц1ераш а, иштта, уьш муьлхачу йарташкара хилла а йазйийр йу вай йог1учу лоьмаршкахь.
Кхуззахь, Путин Владимирга а, Меликов Сергейга а кхайкхаме кехат дийшира. Цу т1ехь йаздина дара меттигерачу 1едало вайна дуьхьалло йарах лаьцна. Цкъа делахь 1овхойн к1ошт йац меттах1оттош. И г1уллакх тесна дитарал сов, к1оштан лаьттанаш ду массо а аг1ора духкуш, акхара-ломара кхечу къомах нах схьа а балабеш. Йуха, лаккхарчу белхан меттигашкахь бац вайн къоман векалш. Иштта, нуьцкъаллин урхаллашка балхах1отта а ду ч1ог1а хала. Законан дуьхьала дог1уш х1умма а дацара оцу кхайкхамехь. Нийсса б1остане, меттигерчу 1едале Конституцино ма-бохху, Закон леладе алар дар-кх.
Цхьанакхетар д1адирзира гулбеллачеран иэсан сурт даккхарца.
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля