«Единая Россия» партин региональни секретарь волчу Дагестанан куьйгалхо Меликов Сергей шен телеграмм г1ирсашкахула вистхилира Россин Президентан харжамийн жам1ашех лаьцна.
«Путин Владимир Владимирович – иза Россин Президент ву! Йерриге пачхьалкхан дукхахболчу бахархойн лаам цхьанабог1уш хилира. Царна хетарехь, х1инццалца Президент лаьттина волу Путин Владимир ву Россин уггаре а оьшуш волу куьйгалхо. Дуьненайукъара политикехь а, чоьхьарачу г1уллакхехь а, уггаре а хьакъволу кандидат иза хийтира бахархошна.
Со цец ца ваьлла, вайн регионера иштта дуккха а харжамхоша шайн кхаьжнаш цунна баларна. Х1унда аьлча, царна дукха а веза иза, цунна ларам а бо. 1999-чу шарахь, Путин Владимир Дагестане веаначулла т1аьхьа дуьйна, меттигерчу бахархойн цуьнга болу безам лахлуш бац.
Тахана, цуьнан г1оьнца, Дагестанехь кхочушйеш тайп-тайпана проекташ йу. Вай тешна ду, куьйгаллера иштта г1о мел ду, шо-шаре мел долу вайн кхиамаш совбер болуш бу.
Ала дог1у, цуьнан г1оьнца, дуьненанйукъара политикехь вайн пачхьалкхан хьалхалера лерам йуха беана. Цо д1адовзийтина массо а дуьнене, вайца забарш йан мегар доцийла. Х1ора а вахархо, бен д1а йоцуш, вокхха а, жима а, парг1атонехь ваха йиш йолуш ву.
Путинна кхаж д1абаларца бахархоша гайтина адамашна хьокъехь куьйгалло деш долу белхаш нийса хилар. Со тешна ву, харжамашкахь цо баьккхина толам – иза вайн массеран а лаам бара. Оцу толамца вай цхьанахутту луларчу пачхьалкхаца хилабезаш болу толам а. Х1унда аьлча, иза нуьцкъалла куьйгалхо ву. Вайна парг1ато латтош, Путин Владимир кийча ву хьанцца а къовса а. Цунна бакъо йеза. Иза нийсачу новкъа т1ехь а ву.
Дагестанан бахархойн ц1арах даггара декъалво хьо, лараме Путин Владимир, Президентан харжамашкахь толам баккхарна! Эзар-эзарнашкахь харжамхой тешна бу хьоьх. Иза бу хьан болх нийса хиларан коьрта гайтам.
Лаьа, кхин д1а а хьан дагахь дерриг кхочуш хуьлийла, – элира Меликов Сергейс.
БАЙМУРАДОВ Мовсар