15-гIа сентябрь — ДегIастанан халкъийн цхьааллин Де

И дезде доьзна ду 1741-чу шарахь Надир-шах коьртехь хилла волчу ирански мохкд1алацархошна т1ехь дег1астанхоша толам баккхарца.
Оцу толамна лерина 14-чу сентябрехь Лакски районан Кумух юьртан уллехь даздаран хьолехь схьайиллина яра цхьанатоьхначу эскарна куьйгалла дина волчу Казикумухски Муртазали ханан дег1ан чарх юккъехь а йолуш болу х1оллам-мемориал.
Иза дег1астанан халкъийн цхьааллин а, б1еашерийн доттаг1аллин а билгало ю. И бахьанехь кархдаьлла массо а заманашкахь а ламанхойн мостаг1ашна дуьхьало ян.
Дег1астанан халкъийн цхьааллин Де – дезчу дийнан терахь ду — республикин халкъаш цхьанатоха 1алашо йолуш х1оттийна долу. И дезде д1адахьаран хьокъехь болу сацам т1еэцнера Дег1астанан халкъийн 3-чу съездехь, 2010-чу шеран декабрь баттахь. Ткъа 2011-чу шеран июль баттахь оцу хьокъехь долчу Указана буха куьг яздина Дег1астанан куьйгалхо хилла волчу Магомедов Магомедсалама.
Ткъа тахана Дег1астанан халкъийн цхьааллин Денца республикин бахархой декъалбина Дег1аста республикин куьйгалхочо Меликов Сергейс.
«Дег1астанан халкъийн цхьааллин Де – иза вайн махбоцу дозалла ду, иза лардан деза, х1унда аьлча, цо билгалдоккху юкъараллин кхиар а, зазадаккхар а, цуьнан хиндерг а. Лаьа массарна могашалла а, машар а, ирс-аьтту а хуьлийла!» — аьлла Республикин куьйгалхочо.
Цунна т1е а тайна, оха тхайн редакцин ц1арах даггара декъалбо берриге а дег1астанхой х1окху дезчу денца, лаьа шун дахар ирсе, машаре, бартболуш хуьлийла.
Билгалдаккха деза, халкъийн Цхьааллин Де бахьанехь Дег1астанан бахархоша садо1ур ду 3-а дийнахь.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля