Т1едог1учу к1ирандийнахь вайн къомо билгалдоккхуш ду Нохчийн зудчун де. Вайна хууш, лулахь кхин цхьа а къам дац иштта, лаккхарчу т1ег1ане зударийн сий айдина, уьш лоруш, церан хам беш. Ала дог1у, вайн-м и де ца хилчи а ма хаьа уьш дика буй. Делахь, вайн царга болу ларам гайтарах цхьа а зе хир дац ишттачу денца иза билгала даккхарах.
Вайн къоман аларех цхьаъ ду – «Стаг харцхьа ваьлча доьзал телха, зуда харцхьа яьлча мохк телха». Нохчийн зудчун доьналла, къонахалла а, иштта цо доьзална, махкана, дуьхьа къахьегар бахьна а долуш, кху дийне кхаччалца схьадеана нохчийн къам «къонахийн белшаш т1ехь». Х1унда аьлча, массо а нохчийн къонах кхиийнарг нохчийн зуда йу – нохчийн нана. Шен ницкъ ма кхоччу доьзалехь адамалла кхиош, дикачу амалашна 1амош схьайогу иза. Цаьрца цхьана доьзал собаре а, хьекъале а, десачу хабарх ларбала а, хьанала рицкъ лаха 1амабо нанас.
Цхьаболчара ала тарло, х1инцалера зударий х1умма а къахьоьгуш бац аьлла. Карарчу хенахь долучу суьрте хьаьжича, иза иштта а го. Ткъа йуха ойла йича, дукха дан дезий вайн нанойша а, йижарша а, иштта кхин болучу а зударша могашалла х1аллакьеш белхаш? Вайна хаьа, Советийн 1едал долучу заман чохь, йехха хенахь нохчийн зудчо шен дег1 йа могашалла ца кхоош, план йаккха йеза бохуш фабрикашкахь а, заводашкахь а, совхозашкахь а божаршца цхьамогг1а къахьегна хилар. Хийла шайн доьзалийн хьашташ кхочушдан а ца кхиалуш, шайн дог1машна иэшалла йеш схьбаьхкина уьш. Тоьара дацара цара х1инццалца хьегнариг. Тахана, дуьненан прогрессан бахьанашца 1ер-дахар аттачу муьре дерзарца, г1еххьа лахделла вайн массеран а къахьегар. Цуьнца цхьаьана вайн зударийн а аьтто баьлла жимма саде1ар. Муьлхха а хьал т1ех1оьттича а вайн-м хаьа, нохчийн зуда парг1ат йаьлла баьрчче хуур йоций. Иштта г1уллакх вайн г1иллакхца дог1уш а дац.
Ткъа х1инцалера цхьаццаболучу зударшна (вайн къоман г1иллакх-оьздалла йевзаш боцурш) хаа деза, нохчийн зуда уггар хьалха нана йу. Т1екхуьучу чкъоранна масала хилла йаккха йеза цо шен хан. Къомана а, махкана а, шайх пайда хир болучу кепара 1амо беза цо шен доьзал – йуучунна хам бар; хьанал рицкъ лахар; дог ц1ена хилар иштта кхин д1а а.
Кху даздаран денца лаьа берриге а нохчийн наной а, йижарий а даггара декъалбан. Кхин цкъа дог доьхна б1аьрхи ма-долийла шун. Шайн доьзалийн вуо ма-гойла шуна. Даимна а ирсе хуьлийла шун дахар.
Мовсар БАЙМУРАДОВ