ТЕРАХЬДОШ. Юкъара маьIна.

Тимаев А. Д.

Терахьдош нохчийн маттахь къамелан дакъойх коьртачарех цаI ду. Кхин долчу меттанашца дуьстича шен грамматически билгалонаш йолуш, цхьацца йолчу башхаллашца къаьсташ долуш кхин долчу меттанех, къамелан дакъа ду.
Оьрсийн меттан дагардан системица дуьстича, дерриг иберийско-кавказски меттанийн а санна, нохчийн меттан ткъанца дагарден система ю. Оьрсийн маттахь иттанца дагарден система ю.
Масала: один, два, …, десять, одиннадцать, двенадцать, …, двадцать, тридцать, пятьдесят, шестьдесят, семьдесят, восемьдесят.
Нохчийн маттахь ша-тайпа, лакхахь ма-аллара, ткъанца дагарден система ю. Масала: цаI, шиъ, …, итт, цхьайтта, шийтта, …, берхIитта, ткъаесна, ткъа; ткъе цаI, … ткъе цхьайтта, … ткъе ткъаесна, шовзткъа (шозза ткъа), кхузткъа (кхузза ткъа), дезткъа (деазза ткъа).
Нохчийн меттан терахьдешнийн тайпанаш кхолладаларехь, церан легадаларехь, структурехь шайн-шайн башхаллаш ю.
Ойланца сурт хIоттаден масалла я ягарьярехь хIуманийн рогIалла билгалйоккхучу къамелан декъах терахьдош олу. Синтаксически шайн масалла терахьдешнашца билгалйолу цхьанакхетар кхуллу терахьдешнаша цIердешнашца цхьаьна.
Билгалдаккха дезаш ду, шена чохь масалла билгналдолуш долу муьлхха а дош терахьдош ду ала тарлуш цахилар. Шайн дерриг а маьIна терахь а, рогIалла билгалдаккхар тIехь чекх а долуш, ткъа кхин сов даьлла маьIна шайна чохь доцу дешнаш бен, терахьдешнаш ларалуш дац. Цундела, терахьдешан маьIна билгалдоккхуш, вай къаьсттина тидам тIебахийта беза, терахьдашо ойланца сурт хIоттаден масалла я рогIалла гойтуш хиларна. Ша-тайпа грамматически башхаллаш йолу и дешнаш бен таро яц вайн къаьсттина долчу къамелан декъа юккъе дахийта. Масала, дустур вай: шиъ-шинара, кхоъ-кхаъара, йиъ-йиъара (еара).
Вай далийначу дешнийн хьалхарчу дакъоша бен, масалла ца гойту, ткъа шолгIачу дакъошкахь а (шинара, кхаъара, йиъара) ду масаллин маьIна-м, амма и маьIна доьхна я хьулделла, кхин маьIнаш гучудовлар бахьана долуш . Масала: шинара, иза цхьана хIуманан цIе ю, шиъ бохучу терахьаца йозуш а йолуш (де я ши шо кхаьчна бежана – шинара, кхаъара – де я кхо шо кхаьчна бежана; йиъара – де).
Терахьан маьIна хьулделла я дайна долу т тайпа дерриг дешнаш шайца цIердешнийн ерриг а билгалонаш йолуш ду – терахь, дожар, грамматически класс, цаьрца шайн билгало гойтуш билгалдош а хуьлу. Масала: шинара (цхьаллин терахь) – шинарш (дукхаллин терахь); шинаран (доланиг дожар); шинара ду – шинарш ду (IV класс д-д), доккха шинара, цIен шинара.
ЦI. шинара
Дс. шинаран
Л. шинарна
Др. шинаруо
К. шинарца
М. шинариэ
Х. шинариэх
Дс. шинариэл
Цу дашан цIердешан массо а грамматически категореш ю.
Масаллин терахьдешнийн масех кеп ю: рогIаллин, декъаран, гулдаран, билгалза – масаллин. Оцу терахьдешнашна тIе И.Ю.Алироевс кхин цхьа тайпа билгалдоккху дакъойн терахьдешнаш. Масала: шолгIа дакъа, доьалгIа дакъа. И.Ю.Алироевс ишттаяздо дакъойн терахьдешнех лаьцна: «Дробные числительные выражаются сочетанием порядковых и количественных числительных со словом «дакъа» доля единицы: шолгIа дакъа (буквально – вторая часть); доьалгIа дакъа (четвертая часть); уьтталгIа дакъа (десятая часть); кхоъ доьалгIа дакъа (три четвертых части).
При сочетании дробных числительных с именами существительными последние ставятся перед числительными в форме родительного падежа: хорбазан доьалгIа дакъа (четвертая часть арбуза).
Числительное ах (половина), пол – в сочетании с существительными стоит впереди них: ах метр (полметра), ах некъ (полдороги). При склонении дробных числительных изменяются все части сочетания.
Шайн-шайн цIе йолуш ду цхьанна тIера иттанна тIекхаччалц а (цаI, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх, ворхI, бархI, исс, итт, ткъа, бIе, эзар).
Вайнехан меттанаш Iилманца толлуш «Морфология чеченского языка» боху болх арахецна Н.Ф.Яковлевс 1960-чу шарахь. Цо яздо: «конечным звуком в первых пяти числительных (цаI «один», шиъ «два», кхуоъ «три», диъ «четыре», пхиъ «пять») в самостоятельной форме гамза ъ. Единственное исключение из этого правила составляет числительное цаI «один». Сравнивая самостоятельную форму этого числительного (лааме форма) с его несамостоятельной формой (лаамаза форма) цхьа стаг, мы приходим к выводу, что первоначально, очевидно, и это числительное оканчивалось на ъ-гамзу, замена же ъ звуком I (так называемым айнаи – звука типа арабского) произошло под влиянием предшествующего – хь одного слога, т.е. предполагаемая первоначальная форма данного числительного должна была звучать «цхьаъ». Цу терахьдешан структура Н.Ф.Яковлевс маяздарра хеташ ву нахски метташ талларехь гIараваьлла хилла волу Iилманча Ю.Д.Дешериев а. Цо яздо: «В чеченском и ингушском языках количественные числительные цхьаъ «один», шиъ «два», кхуоъ «три», диъ «четыре», пхиъ «пять» имеют в конце гамзу, передаваемую через «ъ».
Цкъацца дуьйцучу терахьдешан структурех лаьцна карадо: «в ингушском цаI и в чеченском цхьаъ» . Билгалдаккха дезаш ду цхьаъ форма, терахьдешнийн шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ форманаш санна, цаI терахьдешан шолгIачу ларда тIе ъ тохарца кхоьллина ю. ЦаI терахьдешан шолгIа лард (лач дожарийн лард) цхьа лаамечу кепан массо а лач дожаршкахь а, лаамазчу кепан массо а дожаршкахь а (цIерниг дожарехь а) лела. Лард цхьа юьхьаьнцарчу кепах (цаI) кхоллаелла фонетически хийдаларш хиларца. Гучадолу цаI кеп яц цхьаъ кепах кхоллаелла, мелхо шолгIа лард цхьа кхоллаелла цаI кепах. Билггалчу муьрехь цаI терахьдешан легадаларан кепаш иштта хилла нохчийн маттахь:
ЦI. цаI
Дл. цаIа-ннан
Л. цаIа-нна
Д. цаIа-нн
М. цаIа-нга
К. цаIа-нца
Дс. цаIа-ннал
Х. цаIа-ннах
Гуш ма-хиллара, шех дерриг а лач дожарш кхоллалуш йолу шолгIа лард цаIа ю. Орамехь долу доца а гIелдаларца охьадожар бахьана долуш, лелха къамкъарган зевне I къорачу ц-на юххехь нисделла хуьлу, цундела контактни ассимиляци хиларца иза хь-не доьрзу, ткъа нагахь санна доца а охьадожарца I зевнечунне юххехь нислахь I Iъ-не доьрзу: баIар – бIъар, даIам – дIъам, маIара – мIъара. Аз Iъ лааме фонема яц, иза I озан хьолан вариант, ткъа зевнечу Iъ озан къора вариант хь ю. Доцца аьлча, шолгIа лард цхьа цаI лардах кхоллаелла фонетически хийцамаш хилар бахьана долуш. Дешархой оцу терахьдешан шина лардах кхетор доккха маьIна долуш ду.

ЦХЬАЛХЕ А, ЧОЛХЕ А ХIОТТАМЕ А МАСАЛЛИН
ТЕРАХЬДЕШНАШ

Масаллин терахьдешнаш цхьалхе а, чолхе а, хIоттаме а ду. Цхьалхе терахьдешнаш ду цхьан а дашах (орамах) лаьтташ ду. Цхьалхе терахьдешнаш ду цаI, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, ялх, ворхI, бархI, исс, итт, ткъаесна, ткъа, эзар. Чолхе терахьдешнаш шина орамах лаьтташ, схьадевлла терахьдешнаш ду. Уьш ду цхьайттанна тIера ткъаесна юкъа лоцуш: цхьайтта (цхьа+итт), шийтта (ши+итт), кхойтта (кхо+итт), дейтта (диъ+итт), пхийтта (пхи+итт), ялхийтта (ялх+итт), вуьрхIийтта (ворх+итт), берхIийтта (бархI+итт), ткъаесна (ткъа+йисна). Чолхе терахьдешнаш хIорш а ду:шозткъа (шозза+ткъа), кхузткъа (кхузза+ткъа), дезткъа (доьзз+ткъа). Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, и терахьдешнаш кхолладалар (нохчийн меттан ткъанца дагардечу системица доьзна ду. ХIоттаме терахьдешнаш масех дашах лаьтташ ду: бIе ткъ пхиъ, ши бIе кхузткъ барх, эзар, диъ бIе шовзткъе ворхI. Масаллин терахьдешнашца лелаш долу цIердош гуттар а цхьаллин терахехь хуьлу: итт стаг, цхьайтта шо, дезткъа де, бIе ткъе ялх шо. Грамматически классашца хийцалуш, шайн хIоттамехь шайца уьйр йолчу цIердаше хьаьжжина, хийцалуш грамматически классан гайтам болуш терахьдешнаш ду диъ дейтта дезткъа: виъ стаг, диъ де, йиъ буьйса, биъ Iаж; вейтта стаг, дейтта шо, йейтта метр, бейтта Iахар.

ЛААМЕ А, ЛААМАЗА А
ТЕРАХЬДЕШНАШ

Масаллин терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу. Амма шайн лааме а, лаамаза форманаш хIокху деа терахьдешан бен къаьсташ яц: цаI, шиъ, кхоъ, пхиъ (лааме форма), цхьа де, ши шо, кхо коч, пхи сай (лаамаза форма).
Терахьдош диъ лакхахь далийначу терахьдешнийн санна, чаккхенгахь ъ элпаца билгалдеш долу аз делахь а, шен лааме а, лаамаза форманаш къаьстина дац. Масала диъ-диъ дош. Цул сов, вай хьалха ма-аллара, цу терахьдешан кхин цхьа башхалла а ю: иза а, и юкъахь долу чолхе а, хIоттаме а терахьдешнаш грамматически классашца хийцалуш ду. Масала: диъ гIант, йиъ йоI, биъ Iаж, виъ стаг, вейтта ваша, дейтта бежана, йейтта вота, дезткъа шо, везткъа таллархо, безткъа сту, бIе ткъе виъ дешархо, бIе ткъе диъ туьма, бIе ткъе йиъ топ, бIе ткъе биъ уьстагI.
ЦIердешнашца цхьаьнакхетарехь гучуйовлу цу терахьдешнийн лаамаза форма. Шинна тIера пхеанна тIекхаччалц ъ элпаца билгалдеш долу аз охьадужу, ткъа «цаI» бохучу терахьдешан доланиг дожаран лард гучуйолу «цхьа». Масала: цхьа стаг, цхьа сом, цхьа дош.
Масаллин терахьдешнаш «цаI», «шиъ», «кхоъ», «пхиъ» дIадевлча, кхидолчу масаллин терахьдешнийн лааме а, лаамаза а форманаш къаьсташ яц: цхьа стаг – цаI, ши буьйса – шиъ, кхо кIира – кхоъ, пхи дешархо – пхиъ. Масала: ялх – ялх класс, итт – итт де, бархI етт. Амма, нагахь санна маьIна чIагIдархьама логически тохар терахьдешнашна тIедогIуш делахь, лааме а, лаамаза а форманаш вай далийначу деъа терахьдешан а ца къаьста (цаI, шиъ, кхоъ, пхиъ). Масала: цаI цIа дац-кха цигах дохоза – цаI дIавахара; шиъ Iаж биира кIанта – ши Iаж биира кIанта; кхоъ стаг вайра цу буса – кхо стаг вайра цу буса; пхиъ бутт дIабелира иза цIа ца вогIуш – пхи бутт дIабелира.
Зорбане кечйинарг
БАЙМУРАДОВ Мовсар

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля