ДIадаханчу кIирандийнахь дахаран некъ хеди вайн газетан коьрта редактор волчу Iумаран кIентан Якиев Iийсан. Иза иштта тхан белхан накъост а вара. Дуккха а шерашкахь редакцин хьашташ кхочушдеш белхаш дина цо.Массо а ханна шен дена-нанна, йижаршна, доьзална пайдане хила бахьанаш лелош, схьавеана вара иза. Йуьртахь вехаш хиларе терра, иттанашкахь даьхний кхобуш, царна докъар латтош, къахьоьгуш вара Iийса. Йуьртан бахаман дерриге а гIуллакх хаьара цунна дика.Иштта рогIера суьйре йара кху беттан кхойтталгIа терахь ЯкиевгIеран доьзалехь: нана йаа хIума тарйеш, Iийса даьхний чу дерзош, цуьнан кIентий цунна гIо деш, оцу массо а гIуллакхана куьйгалла деш Iумар а волуш. Цхьа а башхалла йацара цу денна, хIинццалца дIадаханчу деношца дуьстича. Амма, оцу суьйранна, кертахь мел болчеран дахар шина декъе доькъуш, церан массеран а дегнашка «ткъес тухуш», шийла кхаъ белира … ХIинцачулла т1аьхьа, да-нана кIант воцуш, йижарий ваша воцуш, доьзалаш да воцуш биса дийзи. Вай бусалбанаш хиларе терра, вайна хаьа, иза Делан лаамца бен доций.
Вайн йукъахь дукхахболчара ма-аллара, «валлала воккха вацара» иза. Цхьа а доьзалхо а вац цуьнан дахарен некъа тIе хIоттийна, тарвина. РогIерчу адамийн ойланца, кхин дIа иттанашкахь шерашкахь ваха везаш вара Iийса — де-ненан гIуллакхе хьожуш, йижарийн дог хьостуш, доьзалан хьашташ кхочушдеш. Амма Сийлахь волчу АллахIа Шен низам ду лелош. Вайна ца лаарах а, вовшех къаста кхоьллина ду вай, Iожалло хедайарах терра вайн йукъара марзонаш.
Iийса кхалхаран къахьо мел кхаьчначарна кадам беш, ала лаьа: Дала гечдойла цунна, Дала къинхетам бойла цуьнах, Дала ийманехь собар, собарца мел-йал лойла шуна!
«Нийсо» газетан тоба