Зорбанера араяьлла шатайпа книга

Дукха хан йоцуш зорбанера араяьллачу «Литературно-географический атлас Чеченской республики» цІе йолчу книгин презентаци дІаяьхьира январь беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГІалахь Айдамиров Абузаран цІарахчу Къоман библиотекехь. Книгин автор а, цуьнца боьзна болх вовшахтоьхнарг а республикехь шуьйра евзаш йолу журналист, яздархо, гочдархо Чагаева Тамара ю.