МОТТ IАМОР

«Нохчийн мотт уггар а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, 
нагахь кхоччуш  дика иза хууш хьо велахь». 
(Л.Н. Толстой).

Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гIирс бу.  ХIора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а оьздангаллин бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду.

Мотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш юкъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гIирс бу. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Iилма а, оьздангалла а — адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гIодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чIогIа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дIадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегI ду, ткъа ойла меттан сурт ду.
ХIума хааран а, хIуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Iаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хIуманах вайн болу кхетам бу.    
Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.
Iилманчаша дерриг а дуьненахь 3000 сов къоман мотт лерина, кегий, даккхий къаьмнийн меттанаш лерича. И меттанаш, вовшашна герга а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, меттанийн тобанашка декъало. ХIора меттанийн а тIехь, тайп-тайпана башхаллаш ю. Уьш вовшех къаьста меттан дешнашца а (лексикаца), цуьнан грамматикица а. Вовшийн гергара хиларе терра, славянин меттанийн тобана юкъадогIуш ду оьрсийн, украинийн, белорусийн, болгарийн, полякийн меттанаш, ткъа вайнехан меттанийн тобана юкъадогIуш нохчийн, гIалгIайн, кIистойн меттанаш. Нохчийн мотт баьржина Нохчийн Республикехь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. 2010 шарахь ларарца Россехь 1 354 705 стага буьйцуш бара вайн мотт.
Россехь нохчийн мотт шен барамца пхоьалгIа меттехь бу (оьрсийн, ингалсан, гIезалойн а, немцойн а меттанел тIаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официалан мотт а, кхин Дагестанан литературан меттанех цхьа мотт а бу иза. Iилманчашна хетарехь, нохчийн йозанан истори шен орамашкахь дукха генара схьайогIуш ю. Кхо-диъ эзар шо хьалха баьхначу хуррой, урарташ олучу къаьмнийн йоза туьдуш, Iилманчаша пайдаоьцу хIинцалерчу вайнехан меттанех а. 
Нохчийн маттах лаьцна язйина ю дуккха а байташ вайн г1арабевлачу яздархоша:  Б. Саидовс, М. Мамакаевс, Ш. Арсанукаевс мел бу уьш нохчийн маттах лаьцна довха дешнаш аьлларш. Нохчийн маттах лаьцна дуьйцуш суна маттаца цхьаьна нана дага йог1у, х1унда аьлча, нана ю вайна дуьххьара нохчийн маттахь довзуьйтуш аганан илли, цул т1аьхьа да ву нохчийн маттан «1у» хилла лаьтташ. Цунах лаьцна дало лаьара суна М. Мамакаевн «Даймехкан косташ» ц1е йолу стихотворени т1ера мог1анаш:
«Челакха ойланаш шен коьр
техь сецаеш,
Чохь ч1ана эшийна, шун 
дагна вас ца еш,
Массаннхьа 1у хила, шаьш 
хала кхиийна
И къена шайн дада 
тергалве», -боху цо.
«Хеназа самъюьйлуш, шун 
метта-мотт хуьйцуш,
Мерзачу набарна агана 
г1ожца туьйш,
Доьзалан хьашташа хеназа 
къежйина,
Хьомсара шайн нана йиц 
ма е», — боху цо.
Иштта х1инца санна нохчийн меттан тидам беш вай массо а хилахь, Дала мукълахь, нохчийн къам лийр дац. Мотт шен боцу къам делла ду. Цуьнан массалш гина ду исторехь. Къам дуьненчохь дехаш хиларан тоьшалла ду-мотт. Нохчийн меттан г1оьнчий дуккха а бу. Меттан сий дечунна, оьзда бийца а хууш, ша говза буьйцучуьнга ладог1ар к1ордор доцуш, хаза бу-кх нохчийн мотт.
  Сан дагчу дижина  Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» стихотворени т1ера мог1анаш:
Г1иллакхе, оьзда бу 
доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1е вистхуьлуш — ду 
ира герз,
Хьомечу езаре, безам ахь 
буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан 
деган мерз!
Вайн меттан дешнаш к1еззиг ду, церан маь1нех кхета хала ду бохуш дуьйцучаьрга ала лаьара суна, муьлххачу а вайн яздархойн, хуьлийла и стихотворени я дийцар, еша уьш меттан дошам алсам даларан бен, меттан к1оргалла, оьздангалла, нохчийн меттан исбаьхьалла карор ю царна. Нохчийн мотт ца оьшу дахарехь сан доьзална бохуш верг, соьга хаьттича, тилвелла, шен доьзална хьалха а сий дайна ву иза. Ло Ахь Везан Дела цунна шен мотт а, къам а деза иман!  АллахI Дала т1аьхье беркате йойла!

Хасавюрт гIалин №14-чу 
 ишколан ненан маттан  
лакхарчу категорин хьехархо

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля