Кху деношкахь Соьлжа ГIалахь, Яздархойн союзан цIа чохь дIабаьхьира вевзаш волчу нохчийн суртдиллархочун Джамалдинов Алимпашин суьртийн гайтам.Иза вовшахтоьхнера НР-н Яздархойн союзо.Цу мероприятехь дакъалецира нохчийн яздархоша, вузийн хьехархоша, журналисташа, студенташа, школин дешархоша. Алимпаша вехаш а, болх беш а Дагестан республикин Казбековски районан Акташ-аух юьртахь ву. Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIалгIайчохь хьалха а хилла цуьнан суьртийн гайтамаш. Цуьнан кхоллараллин болх 2013-чу шарахь болабелла бу. Ткъа ша 1979-чу шарахь Дагестанан пачхьалкхан пединститутан художественно-графически факультет чекхъяьккхинчул тIаьхьа школехь хьехархочун болх бина ву иза.
–Суьрташ дахкар тIаьхьо долийра ас, – дуьйцу Алимпашас сан шеца хиллачу къамелехь. – Жимачу хенахь со кийча вацара сайгара, суртдиллархочо санна, керланиг гайта, сайн кхоллараллина тидам тIебахийта. И дерриге а тIаьхьа хилира, со гIеметтахIоьттина волчу хенахь. Суна къаьсттина уллера хетара нохчийн истори, къоман дахарехь хилларг. Иза, коьрта тема хилла, дIахIоьттира сан кхоллараллехь.
Гулбеллачарна суртдиллархо вовзуьйту Яздархойн союзан коьртачу редакторо Ирисханов Iимрана, цуьнан биографех а, кхоллараллех лаьцна дуьйцу цо.
Суьрташка хьовса буьйлало гайтаме баьхкинарш. Суртдиллархочо ма-аллара, дукхахдолчу суьртийн тематика «Кавказан тIом», «Нохчийн шира дахар» ю.
Алимпашас хIора суьртана тIе а воьдуш, цуьнан тема а, чулацам а бовзуьйту хьовсархошна. Царах дукхахболчеран къаьсттина боккха тидам тIебоьду «Бенойн БойсагIар» цIе йолчу суьртана. Цу тIехь заьIап БойсагIар ву, карахь мокхазан тапча а йолуш, лаьтташ. Иза оьгIазе хьоьжу, охьа а таьIна, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, дIавоьдучу Шемале. Йийсаре воьдучу Шемалан тIебаьлла букъ бу гуш, цунна уллехь ши накъост а ву, иза санна, мостагIашна каравоьдуш. БойсагIаран юьхь хьалаайъаелла ю, иза Шемале кхойкхучух тера ду. Амма важа юха ца хьожу – цунна хаьа, ша юхахьажахь, БойсагIара шена тапча тухур юйла. Иштта драматизмах дуьзна сурт ду иза. Цу тIехь къаьсттина дика гуш ю суртдиллархочун говзалла.
Кавказан тIеман тема йолуш ду «Валарг хи тIехь тIом бар» цIе йолу сурт а, «МостагIашна кIело яр» а, «Хьаьжа-Мурд» а, кхидолу а суьрташ. Авторо ма-аллара, и тема шен кхоллараллехь коьртаниг лору цо. Нохчийн историн агIонаш карлаяха а, хьовсархошна уьш бIаьрла дIагайта аьтто хилла Алимпашин.
Суьрташка хьаьвсина девлча, царах лаьцна дистхила йоккхачу кабинета чу кхойкху Iимрана гайтаме баьхкинарш. Суртдиллархочун балхах лаьцна къамел дира яздархоша: Такалашов Султана, Арсанукаев Мусас, Дахаева Розас, Матаев Вахас, ткъа иштта Нохчийн пачхьалкхан педагогически университетан хьехархочо, педагогически Iилманийн кандидата Шахбиева Хьалимата.
Хьовсархошна тайра Джамалдинов Алимпашин суьрташ, церан лаккхара мах хадийра цара.