Ненан мотт. Вина юрт. Бералла. Дайн кешнаш. Даймохк.
Шеко йац. Хуьлийла а дац. Х1ара дешнаш хезча боккъалла а къонах волчун кийрахь дог тохадала дезаш ду, пхенашкахь ц1ий а кхехкош, йа иза цхьана ханна сецош…
Ненан маттаца доьзна ду ша дерриг. Иза безарца, бийцарца, 1алашбарца кхоллалуш бу безам шен къоме, винчу юьрте, Даймахке.
Цундела ненан матте болу безам винчу доьзалехь, х1усамехь, ков – керташкахь, лула – кулахь и бийцича бен хир бац.
Уггаре коьртаниг и ду, олий хета суна. Цул т1аьхьа берийн бешахь (детский сад), ишколашкахь тидам т1ебаххийтина бийца беза иза. Бакъдолуш, Дагестанехь берийн бешаш вуно к1езиг ю, къаьсттина ненан мотт буьйцуш. Амма ишколаш ма ю иза 1амо а, 1алашбан а, денбан а лерина.
Тахана х1ара къамел дар ларамаза дац. Госдумехь массех шо хьалха т1еэцна цхьа маь1на доцу закон: «Ненан мотт шен лаамехь 1амор» ч1аг1деш. Вуьшта аьлча, шен бер ишколе дохуьйтучу муьрехь, ден – ненан бакъо ю заявлени а яздина, цуьнга и ца 1амойта(?!) Цуьнан метта, ала дашана, вайн республикехь шен бер «Дагестанская литература» уроке яздан(?!) Халахеташ делахь а, иштта дакъаза баьлла дай – наной вайн къоман юккъехь болуш а бу(?!)
Тахана шаьш лелориг цхьаъ ду моьттуш хила а тарло уьш. Ва амма, т1аьхьо дохко-м бер бу уьш, юьхькъаржа а хир бу. Сан даго иштта боху. Хиндериг хенан йохалла билгалдер ду. Замано ша дерриг д1анисдер ду…
…Суна дика дагадог1у масех шо хьалха ишколе дайн – нанойн собране нисвеллера со. Дукха къамелаш дира оцу сарахь хьехархоша а, дайша – наноша а, бераш ледара доьшуш хиларах лаьцна.
Директора доглазарца хьахийра ненан мотт 1амор ледара хиларх а… Т1аккъа ц1еххьана суна улло лаьттачу дешархочун нана, ц1еро ягийча санна хьала а оьккхуш, мохь бетташ шен къамел дан д1ах1оьттира: «Аса а ца 1амийна и ненан (нохчийн) мотт, сан берашна а ца ошу и. Ишкол яьккхинчул т1аьхьа и цхьанхьа оьшуш а бац, цхьамма соне буьллуш а бац!»
Чохь мел вверг а, директор а (кхечу къомах йолу) 1адийча санна лаьттара. Амма вист хила, бехк баккха х1уттуш цхьа а вацара. Дов ца дезарна д1атийна 1ара уьш…
Вист хила пурба а даьккхина къамел д1адолийра ас: «Тахана ненан мотт ц1ахь, ишколлехь, юьртахь, арахь вайга ма бийца бохуш цхьа а вац. Цуьнах доккха дозал деш хила дезара вай. Ткъа кхузахь дечу къамелех цецвуьйлу со. Ненан мотт ца оьшу, бохучух, кхета а ца кхета. Йа кхета лууш а вац. И тайпа къамелаш нийса а ца хета!»
Оццу зудчо багахь цхьацца жам – жим а дина, шек д1а а йоцуш д1ахьедийра: «Хьо хьайн газет д1а а ч1аьг1ина, болх боцуш висарна кхоьруш хир ву? Ас яздеш а дац, доьшуш а дац иза(?!)»
Иштта дакъаза догъойла йолуш дай – наной, ненан мотт ца безарш алсам хиларна Госдумас т1е а эцна и аса хьахийна долу закон.
Дагестанехь х1ара «Нийсо» газет а, Махачкалахь арайолуш радиопередача бен кхин ненан маттахь х1умма а дац кхузахь долчу тхан. Телевидени, театр, зорбане йолуш книжкаш муххале а йац. Уьш хир йу, ала, догдаха меттиг а бац…
Ткъа кхечу массо титульни къомийн маттахь и берриге г1ирсаш болуш бу. Цундела церан актераш, яздархой, поэташ, 1илманчаш бу – кх! И царна доккха дозалла а ду!
…Д1аели берийн каникулаш. Уьш ишколашка д1аболалур бу. Халахеташ делахь а, сан коьрте цхьа г1ийла ойланаш хьийза – кх: «Хир бу – те х1инца а вайн юккъехь, тхуна ненан мотт ца оьшу, бохуш, болу дай – наной(?!)»
Уьш болш белахь ма дакъаздаьлла ненан мотт 1аморан г1уллакх…
Ишттачаьрна лерина яздина ас х1ара мог1анаш:
Хийра мотт ма бийца ас
цкъа а ца аьлла…
Хийра мотт ма бийца ас цкъа а
ца аьлла,
Ненан мотт д1атосуш и х1унда
буьйцу?
Хетарна ишттаниг дакъаза
ваьлла,
Бехкбоккхуш байташкахь иза
ас вуьйцу.
Маттах и д1акъаста хилича
кийча,
Де доьхча Даймохк а бухкур бу
цо.
Х1ун хир ду дуьненчохь ишт
тачул ирча?
Г1ел лойла вайн Махкахь
декъазчийн гуо.
Яьхь, г1иллакх, оьздангал хир
ма йац цаьргахь,
Ков – керт а йуьтуш уьш оьхур
бу д1а.
Кхолламо хьийзор бу т1аьхьо
уьш ц1ергахь,
1ер — дахар дуьсур ду хилла
цхьа г1ан…
Ненан мотт буьйцур бац т1ек-
хуьъчу чкъоро,
Вон – дика хуур дац адмашца
лиэло.
Суьйренца ховшур бац ден–
ненан коре,
Могшалла хиларах шерашца
г1ийла…
…Хийра мотт ма бийца ас
цхьаьнге ца аьлла,
Халхета, ненан мотт д1атосуш
бийцича.
Дакъаза хета сун ишттаниг
ваьлла,
Хууш цуьн ца хилча ненан
мотт бийца!
Ишттачех юкъ – кара сун къа
а хета,
Аьлча а, вайн Махках, вайн
хазчу маттах.
И байна дисарна кхоьруш дог
эт1а,
Мотт байча довр ду – кха вайн
къам а, нах…