ДIадаханчу оршот дийнахь, чиллин беттан (февралан) 1-чу дийнахь, Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь дIадаьхьира Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан 65 шо кхачарна лерина даздарш. Юбилейни суьйре вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, Къоман библиотеко а. Цигахь дакъалецира яздархоша, Iилманан белхахоша, Къоман театран артисташа, журналисташа, яздархочун кхолларалла езачу ешархоша.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас дош делира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча а, пресс-службин куьйгалхо а волчу Ельсаев Iаламахьадана. Цо элира, ша Ростовхь университет а яьккхина, цIа вирзича, Мусаца цхьана балхахь нисвелира. Цуьнгара дуккха а хIума схьаийцира ша, цо Iамийра дош довза а, цуьнан маьIнах, тIеIаткъамах, ницкъах кхета а. Мусас шена елларш чIогIа мехала урокаш яра, шена журналистан балхахь а, дахарехь а пайден хилла йолу, элира Iаламахьада. Юбиляр декъал а веш, цунна могашалла а, беркате дахар а, баккхий кхиамаш а хила шена лаар хаийтира Iаламахьада.
Кантас элира шен дена, академикна Ибрагимов Хьамзатана, вевзара Муса. Кхуьнан керла араяьлла книга йоьшура цо, лаккхара мах а хадош. Кантас ша а хастийра юбиляр, цуьнан кхиамаш бовзийтира.
Шена дош делча, Республикин халкъан яздархочо Бексултанов Мусас элира, Ахмадов Муса шен 20 шо долуш дуьйна вевзаш ву шена. Дуккха а хан юх-юххехь яьккхина шаьшшиммо, Соьлжа-ГIалахь университетехь доьшуш а, редакцешкахь белхаш беш а цхьаьна хилла, дуккха а гIуллакхашкахь дакъа а лаьцна. Муса чIогIа къахьегна а, къахьоьгуш а стаг ву, элира Бексултановс. Цуьнан кхиамаш атта хилла бац, къахьоьгуш баьхна бу, цундела къаьсттина мехала бу, элира цо.
Иштта Мусах лаьцна хаза дош элира Нохчийн Республикин халкъан артисткас, Къоман театран актрисас Багалова Зулайс. ТIом болчу хенахь шаьш Назранехь цхьаьна нисделлера, боху Зулайс. Цигахь культурин центр схьа а йиллина, цуьнан болх вовшахтуьйхира шаьш. Мусас берашна лерина пьеса язйира. Халачу хьелашкахь тайнигийн спектакль хIоттийра шаьш, дуьйцу Зулайс. Цу спектаклан чулацам дагабеача, хIинца а елха дог догIу шен, элира актрисас. Иштта чолхечу хьелашкахь ша волчу хенахь а шен ницкъ кхочург дан гIерташ а, уллорчеран дог иракарахIоттош, къахьоьгуш вара Муса, тIечIагIдо цо.
Мусас нохчийн литературе а, культуре а йиллинчу хазнех лаьцна дуьйцу Нохчийн меттан институтан директора Умханов Хьамзата. Литературин дуккха а жанрашкахь болх беш ву Муса. Цо шен произведенешкахь сих-сиха пайда оьцу нохчийн фольклорах, къоман барта буьйцучу маттах а, ша керла дешнаш а кхуллу. Оцу дерригено а вайн мотт кхиабо, цуьнан таронаш тойо, алсамйоху, тIечIагIдира Хьамзата.
Иштта яздархочух дош олуш, вистхилира «Коолиция» юкъараллин куьйгалхо Яхъяев Дени. Ахмадов Мусан кхоллараллин лаккхара мах а хадош, цо шен халкъан дуьхьа деш дерг доккха гIуллакх ду, элира Денис.
Нохчийн Яздархойн союзан цIарах юбилярна «Петр Захаров» аьлла мидал а, «Академик Захаров» цIе йолу книга а ло Ибраимов Кантас.
Цул тIаьхьа къамелаш динчу Республикин Куьйгалхо волчохь культурехула йолчу комитетан председатела, яздархочо Усманов Iаьрбис а, поэта, литератураведа Цуруев Шарипа а, композитора Даудов Рамзана а, Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а юбиляран кхоллараллин лаккхара мах а хадийра, цо литература а, культура а кхиорехь доккха дакъа лаьцна хиларх а дийцира.
Суьйренехь Мусан дешнаш тIехь даьхна долу дуккха а иллеш дийкира. Иштта иллеш аьллачарна а, эшарш лекхначарна а юкъахь бара Нохчийн Республикин халкъан артисташ: Димаев Iела, Ташаева Марем, республикин хьакъболу артисташ: Сатуев Лоьма, Умаев Рамзан, Джабраилов Шарип, Къоман театран актер Мунашев Адам. Хьовсархойн самукъадаьккхира цара шайн доккха похIма гайтарца.
Мусас шен пьесашца театран репертуар шоръярх а, цуьнан драматургин башхаллех а лаьцна дийцира Россин Федерацин Пачхьалкхан премин лауреата, Россин халкъан артиста Хакишев Руслана. Цо шуьйра вевзаш волчу поэтан а, драматурган а Федерико Гарсия Лоркин дешнаш далийра: « Нагахь театро шена чу къоман са ца эцнехь, цунах къоман театр ала йиш яц». Цу тIе а доьгIна, къоман драматурги кхиор театрана чIогIа мехала хIума ду, хIунда аьлча билггал иза ю театрах къоман театр йийриг, элира Хакишевс.
Цо а, нохчийн халкъан артиста Джамаев Iимрана а Нохчийн Къоман театран коллективан цIарах совгIаташ ло юбилярна. Къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхочо Ахмадова Хьавас Мусан ши стихотворени йийшира, ладогIархоша, тIараш детташ, дика тIеийцира уьш ешар.
Ахмадов Мусас баркалла элира массарна а шен суьйрене бахкарна, шега ларам хиларна. Муьлхха а яздархо, поэт, драматург шен ешархочунна хьалха жоьпалле ву ша беш болу болх бахьанехь, хIунда аьлча, уггар а хьалха, бакъдерг цунна гайта, довзийта декхарийлахь ву иза. Шех ешархо тешийта, цунна пайден хир долу хIума дала кийча хила веза яздархо, элира Мусас шен къамелехь.
Суьйре ерзош, гуттар а ша ма-лаккхара, доккхачу похIмица а, даггара а Мусан дешнаш тIехь яьккхина «Яха хьо, хьоме Нохчийчоь» цIе йолу йиш лекхира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Ташаева Марема.
Арсанукаев Муса,
журналист
Суьрта тIехь: Ахмадов Мусан юбилейн суьйренехь