Коьрта Iалашо – бертахь дахар

Тахана вайн республикехь даздаран денна хьолехь билгалдоккхуш ду «Къаьмнийн цхьааллийн де». Хууш ма-хиллара, Дагестан массо а Россехь хьалхарчу меттехь йу шайн чохь дукха къаьмнаш дехаш долчу регионех. Тахана кхузахь пхийтта къам ду шайн ненан маттахь арайолуш 1аматаш а, газеташ а долуш, иштта радиохула а, телевиденехула а передачаш а йолуш.

Вайна массарна хууш ма-хиллара, Дагестанехь дехаш дерриге ткъе итт сов даккхий а, кегий а къаьмнаш ду. Ма-дарра аьлча, вайн регионан коьрта бахамашех цхьаъ бу иза. Историн к1аргене хьаьжча гучудолу, б1ешерийн йохаллехь массара цхьана мостаг1чунна дуьхьало йина хилар. Муьлхха а кхечу махкара эскар т1е лата кечделча, массеран а цхьабарт хуьлий, и духатуш хилла. Т1е х1оьттина хьоле хьаьжжина, бан безачохь барт беш, ткъа цуьнах г1уллакх ца хуьлучохь т1емаш деш схьадеана Дагестанан халкъаш. 
Амма, тахана гуш долу сурт, хьалха хиллачуьнца дуьстича, дуккха а эшна ду вайн хьал. Аьлча, хьолаш-м дукха дика дара вайн, делахь, йукъаметтиг йу-кх лахлуш йог1уш. Вайн дайша, дедайша вайн т1ехь болх ца бина-те? Хьеха ма-дезза ца хьехна-те? Йа кхин бахьна ду-те? Соьга хаьттича, кхетош-кхиорехь чкъорийн йукъара зIе меттахIоттор, чIагIъйар – иза ду-кх уггаре а коьртаниг. И болх д1абахьа безаш шина институтехь (оьрсийн матахь аьлча) – доьзалехь, ишколехь. Нагахь санна, царах цхьамма бан ма-безза болх ца бахь, доьхна хьал ду и. Х1унда аьлча, хьехархоша литературан а, историн а урокашкахь довзуьйту дерриге къоман хьал, ткъа дай-наноша 1амадо г1иллакх, 1адаташ, ламасташ. 
Кхин а цхьаъ кхачамбацар ду вайн. Республикехь дукхах болу дешархой ненан мотт буьйцуш бац. Ненан мотт къоман йоцуш йиш йоцу хазна ю. ЮНЕСКОн жам1ашца, итт шо хан йу 2500 меттанаш дуьненчуьра д1адовларан кхерам болуш долу. Ткъа къам ма ду мотт буьйцурш чекхбаьлчи духуш. Вайна йукъара муьлхха мотт д1абалар — иза боккха иэшам бу. Вайна ма-хаъара, меттаца цхьана довш ду дерриге къам. Ишттаниг хилийта йиш йац вайн. 
Вайн республикан уггаре а боккха, мехала хьал-бахам, аса хьалха ма-аллара, кху чохь деха халкъаш, кхеран 1адаташ, ламасташ, меттанаш ду. Хьалха массо вахархочо а, цул т1аьхьа 1едалан векалша а, хьехархоша а болх бан беза мотт а, цуьнца цхьана къам а лардарехь. Ткъа йукъаметтигаш дика а, беркате хила йезарех-м, вай кхин д1а дуьйцур ду. 

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля