Ирча суьрташ

(Чаккхе. Юьхь еша 50-чу номерехь)Эда чуволлушехь хаьттира Сепета: – ХIун эли Адама? – Дера, эли, жижиг кечде. – Ша хIун до, тов? – Изза до, эли-кх, ша а. – Аьллехь, диг а, шаьлта а эций, божли чу дIагIо хьо,хьайбанаш охьадетта ницкъ кхочур бац вайн. Нахе кхой­кхийлаа дац. Коьртах диг тохий, охьа а дожош, тIаккха арсаш хьекхадезар ду царна. Лампа а йохьуш со дIайогIу, хьуна.
– Сих ма ло. Собар де жимма. Иштта хир дац хир ду хIара. Вай мича бехкенна дохур ду цIера? Цхьаъ а харцахь гIалат ца даьлла. Iедало аьллачунна йина дуьхьало яц. Я нахаца дош дашера даьлла меттиг а яц… берахь дуьйна схьа. Хьайба санна, лаьллинчу а вуьйлуш, сайна а, доьзална а хьанал сискал лехна ас. Цунна выселит вийр вац. ХIо­кху эвлахь мел верг вича а, вай выселит дан бахьна дац.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Генерация пароля