Цхьана жуьгтичо, ша генарчу махка ваха араволуш ву аьлла, шен луларчу бусалба стаге лардан деза мухIар делла хилла. Лулахочо, схьа эцна, жуьгтичунна хьалхха, цу шинна бен ца хуучу меттиге дIадиллина и мухIар. Цхьажимма хан а ялийтина, къайлаха чу а веана, лулахочо дIадиллинчуьра схьаэцна, и шен мухIар дIадаьхьна жуьгтичо. Генна хIорда чу кхоьссина цо мухIар. Иза иштта къайла а даьккхина, бусалба нахах теша мегар дац, уьш къуй а, ямарта нах а бу ала лууш хилла цунна.