Иза даим халкъан иэсехь хир ву

Даймехкан сийлахь-боккхачу тIаме воьдуш, цуьнан вуьрхIитта шо бен дацара. Хала а, къиза а хиллера цуьнан бераллин а, кхиазхочун а хан, амма халонаша вахчийна, къонахчун амал шегахь йолуш, кхиъна вогIу жима стаг вара иза.