Кхин цкъа а нохчийн маттах

Дала адамашна диначу диканех цхьа доккха дика ду бийца мотт балар. Комаьрша совг1ат ду и! Матто дукха х1ума кхочушдо адаман дахарехь
Матто бо вайна бохамаш, девнаш до, аьшпаш буьтту, хIилланаш леладо, эгIадо. Матто мостагIалла дуллу адамашна юкъа, гIаланаш йохайо, дийнна пачхьалкхаш хIаллакйо. Матто бохьу адаман дахаре бала. Нохчийн цхьа кица ду-кх: «Мотт Iад а ца Iийна, мерана хIума кхетча, бIаьргаш билхина», – олуш.
Цунна а дайна, лебан ца хуучунна я шен маттана урх таса ца хуучунна воккха мостагI ву мотт.
Амма цуьнца цхьаьна, вуно хаза маслаIат а ду мотт. Меттан гIоьнца девза вайна Iилма, хаарш гулдо, тайп-тайпана хаттарш луьсту, дехар до, маршалла хотту, дехарш кхочушдо, вовшашна синъайам ло.
 Меттан гIоьнца гIаланаш хIиттайо, культура кхиайо.
Маттал а тоьлла хIума дац аьлла хета суна. Къаьсттина, нохчийн маттал хаза хIума дац аьлла, догтешна а ю со.
Дала адамашна диначу диканех цхьа доккха дика ду бийца мотт балар. Комаьрша совг1ат ду и! Матто дукха х1ума кхочушдо адаман дахарехь.
Кху тIаьхьарчу шерашкахь, ткъе цхьолгIачу бIешеро шен марахьарчийна, цхьанхьа Iаьрчашка айдан я къакъамаршка кхийса довдийна дуьгу аьлла хеталуш, сел сиха йоьдучу кху заманахь, дуккха а меттанаш хIаллакьхиларан
дозане хIиттича, царна юкъахь нохчийн а мотт хила тарло бохучо ойланаш йойту.
Сайн ненан маттал боккха бахам а, дог Iехон цул хаза а туьйра доцучу суна чIогIа лазаме а хуьлу и ойланаш. Къаьсттина дог Iаьвжа, хIун бен ду муьлхха мотт бийцича а, нохчийн мотт дIабарах доха хIума дац аьлла ойла ерш
хаабелча. 
Муха дац и хIума? Муха бац и бохам? Дала вайна делла совгIат, вайга кховдийна аманат ма ду и мотт!
Дуьххьара Адам а, Хьава а дуьненчу кхуллучу хенахь цхьа мотт буьйцуш, цхьана дех-ненах схьадевлла долу бераш – адамаш – бIеннаш къаьмнашка декъар, царна хIоранна а бен-бен меттанаш, амалш, гIиллакхаш даларехь Делан цхьа йоккха къайле го.
ХIетахь, дуьххьара кху лаьттахь дахар долалуш санна, диса ма тарлора хIара хьал а, кхин хийца ца луш. Амма и иштта ца дисина. ХIора къоман а шен мотт бу. ТIаккха и къам жоьпалле ду шен маттах.
Вайна вайн ненан мотт – нохчийн мотт – санна, кхечу къаьмнашна а хьоме хир ду шайн меттанаш. Теша лаьа-кх суна иштта ду аьлла. ХIунда аьлча, вайн дайша мел ларбеш, экама лелийна хIара хьалдолу, бухбоцу нохчийн мотт вайна гуш долу дела. Цунна дуккха а масалш ду бIешерийн кIоргера схьадогIуш.
Маттана говза, оьшучохь ира я кIорге дош ала хуу стаг мел сий-лараме хилла вайн! Шен метта аьллачу дашо мел хаза дерзийна, хийла дерза йиш яц аьлла хета дов, мостагIалла. Говза ала хаарца, кхетош дийца хьекъал кхачарца, хийла дала йиш яц аьлла хетачу дехарна а жоп карош ма хилла вайн. «Муш – беха, дош – доца», – бохучу кицанна тIетийжаш, доцца, масех дашца олий, дерзош хилла мел боккха чулацам болу къамел а. Цхьана къонахчо олу бохура: «ГIа-буц санна, къамел шортта а долуш, «Хьенеха хIара ма элира» аьлла, тIекIелдилла ши дош а доцуш, ца тов къонахчун къамел». Нохчийн меттан таронийн доза цахилар гойту цу масалша.
Шовданан декар а, шедаган мукъам а, уггаре а тайна йиш а, дагна синтем а, синна гIортор а ю нохчийн мотт.
Iаннийн кIоргалла а, лаьмнийн баххьийн лакхе а, аьрзунан тIома хелхар а, сатийсаман тIемаш а, дегайовхонан хьу а, синтеман туш а ду нохчийн мотт.
Вайн къанойн доIанаш хезний шуна? Церан Далла хьастабалар гиний шуна? Церан доIанийн хIора дош дагах чекхдолуш, лаамза хьаьвдда бIаьрхиш къайлах дIадаха дезний шун?
Ца вуьсу волчу дархочунна тIехIоьттинчо, цуьнан дог эца дешнаш лохуш гиний шуна? Ша дуьйцучух ша а тешаш, цу дархочунна цо тешам луш хезний шуна?
Горга тезет хIоьттинчу керта кадамца хIуьттучу наха, вон деанчун бала байбеш гиний шуна? Цул хьалха вон мел деанчун масалш далош, собарца къурд мел бинчунна хир йолчу йолах дуьйцуш, дуьненан а, эхартан доза цкъа зил тоха дезаш хилар довзуьйтуш, Делан кхелах тешош, маслаIате мотт лебеш хезний шуна?
Къоначу несана я керлачу невцана боху ловцаш хезний шуна? Церан кхоллам ирсе хила мел луучара беш болчу кхийламашна «амин» ала дезний шун?
Нанас шен жима бер хьостуш, и бер нанна доьлуш, уьш къайлаха тергалбар нисделлий шун?
Оцу дерригенан а теш хиллачо, нохчийн мотт къен бу я дуьненчуьра доьза бовр бу муха эр ду? И ала мотт а муха керчар бу?
Даима баха хьакъ ма бу вайн мотт бу. И иштта хирг хиларх теша хьакъ ма ду вай.
Тахана вайна тIехь хада йиш ма яц заманан зIе…
Кху дуьненахь дуьххьара нохчийн маттахь вистхиллачу турпалчу нохчичун аз заманан мехаша къардан йиш ма яц….

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля