Беркате цхьанакхетар

Дуьненайукъара ненан меттан лерина мероприяти д1айаьхьира Хасавюртовски к1оштарчу Кандаураул (Салюрт) йуьртарчу йуккъерчу ишколехь. Хууш ма-хиллара, кхузахь цхьанабартахь бехаш бу нохчий а, г1умкий а. Оцу бахьанца, гайтамехь дакъалоцуш бара шиа а къоман дешархой. Иштта, цхьанакхетаре кхайкхина бара тхан редакцин а, г1умкийн газетан а векалаш. Иштта мероприяти д1айахьаран 1алашо йара ненан матте безам ч1аг1бар а, ненан сий, ларам, цуьнга болу безам бух боцуш хилар гайтар а. Дуьххьара ала лаьа, хьехархоша а, мероприяти кечйинчара а лаккхара хьошалла деш т1елецира тхо. Цкъа хьалха йовзийтира керла йина ишкола. Гайтира йаккхий, сирла классаш а, кабинеташ а. Кхечу йарташкахь Оьздаллин ц1ийнна йоцу йоккха актови зал а йара йина. «Марша дог1ийла шу, хьоме хьеший, лераме хьехархой, дешархой» — аьлла, мероприяти д1айолош, гулбеллачаьрга йистхилира диретор Арсланбекова Гульнара. «Вай гулдаларан бахьна ду ненан матте болу безам гайтар а, иза бийца воьлча мел шорта бу хаийтар а. Мел дукха ду дуьнен чохь къаьмнаш. Ткъа церан х1оранна а шен мотт а бу. Ойланан а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а коьрта г1ирс а, хазна а йу иза» — дуьйцу диретора – «х1инца шун «кхеле» йуьллар йу оха тхайн дешархоша хьехархойн г1оьнца кечйина мероприяти» — шен къамел дерзийра цо. 
Берриге а гайтам шина декъе къастийна бара. Дуьххьара шайн ноьмарш йехкира г1умкаша. Уьш баьллачул т1аьхьа сценкаш, байташ, иллеш нохчаша а элира. Церан а, вукхеран а ноьмарш программин чулацамца цхьаьнайог1уш йара. Мотт ца хуург а кхетар волуш, дора цара шаьшша дийриг. Ала лаьа, самукъане-забаре сценкаш а йара программехь. Декъашхоша кечам дика бина хилар билггала дара, х1унда аьлча, муьлхха а ноьмарехь турпалхочун васт шен дахарера долуш санна гойтура цара. Хьажа а, мах хадо а кхайкхина бара дешархой а, хьехархой а. Гулбеллачара лаккхара мах хадийра церан балхан. Театрера белхалойлла х1умма а т1аьхьабуьсуш бацара дешархой. Вайн дахарера, рог1ера доьзалера масалш далош, йохкура цара шайн сценкаш. Ткъа байташ йешар а, эшарш лакхар а, иза лаккхарчу т1ег1анехь дара. Ойла кхоллало – и бераш иштта кхиамашца д1аг1ахь, йог1учу ханна, берриге ца гахь а, царах цхьацца берш сцени т1ехь ган а там бу. 
Берийн ноьмарш чекхйаьллачул т1аьхьа, хьешийн аьтту белира шайна хетарг ала. Цара билгалдира, иштта дика кечам бина мероприяти шайна х1инццалца схьа гина йацара аьлла. Баркаллина дешнаш элира шаьш кхайкхарна, къаьсттина дешархошна а, мероприяти цхьанатухуш кечам бинчарна а: кхетош-кхиорехула директоран заместительна – Алхаматова Гозельна; ненан меттан хьехархошна – Цокуева Яхина, Абдуллаева Нурьянна, Балаева Элинина, Ясиева Курманна, Адилова Нуржанна. Фото автора

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля