Хьаша

Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш, Къоьзана олучу юьртах чекх а ваьлла, юьртана йистерчу къен Iаш йолчу жерочун кетIа хIоьттина и Дала дика дина воккха стаг. Шен доьзална а дан хIума доцуш Iачу цо, шен еккъа цхьаъ бен йоцу котам а йийна, и хьалха а йиллина, хьошалла шена дина аьлла, и доьзал хIаллакьхинболчуьра кIелхьара баьккхина хьешо.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля