Уггаре хаза а, дика а!

                                Нана! Хьол сирла дуьненахь кхин дош дац…
                                Хоьца бен дагана ца хедаш йовхо яц…
                                Хьомечу Даймахках Нана-Мохк алар а,
                                Ду хьуна хьан безам бух боцуш хиларна!

Мамакаев М.

Ойла йича, ма деза а, доккха дош ду и – «Нана». Цуьнан доьзал безарца а, цо уьш 1алашбарца а, цо бечу къинхетамца а дуьстича, «Нана» дош жимчу элпаца йаздича нийса а хир дацара. Иза йу-кх вай муьлххачу а хьолехь хилчи, вайна кхин а дика а, нийса а дерг хьоьхуш ерг. 

Жимчохь дуьйна, цо набарна вай дийшош дийцина туьйранаш цкъа а диц ца ло вайна. Х1оранна а бохург санна, ша валлалца лерехь декаш лаьтта вай аганахь долуш цо аьлла илли а. Муьлххачу хьехархочулла дика хьехарш цо до, иштта, муьлххачу лоьрал а дика дарба а до цо. Ларамза ма дац дуьненчу даьллачу беро хьалхара дош «Нана» алар а. Дерриге и меттанийн цхьатерра, к1еда-мерза олу и дош. Вайн амалш мел аьрха хиларах хьесапе ца оьцуш, вайга олуш дерг мелхо вай хьоьстуш, ша мел дечу до1анашкахь Деле вай юьхь1аьржонах, тешнабехках, иштта массо а балеха лардар доьхуш, йоккху цо шен хан. Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) «Нана» кхузза аьлла билгалдина цуьнан хьакъ, т1аккха «Да» аьлла. И ден хьакъ лахара ду бохург ца хилла. Цигахь цо гучудаьккхинарг – иза ненан сий, цунна бан беза лерам, кхочуш дан деза хьашташ, иштта кхин д1а а ду. Йуха а, 1еламнаха шайн хьехамашкахь дуьйцуш хезна вайна, ялсамане ненан когашкахь йу олуш. Нана шена реза йинчунна бен цуьнан не1арш йоьллур йац бохуш а дуьйцу. Т1екаре хиладеза вай иза вайна реза йан. Нана-м, шен берана гуттарена а къинт1ера йала кечйелла 1аш йу. Амма берашна хаа деза цуьнан дог хьаста, эца. Ткъа доьзал иштта хилийта, жимчохь дуьйна, кхетош-кхиорехь 1амо беза. Къаьсттина нохчийн зуда-«Нана», х1уъу а халонаш хиларах, доьналлица чекхйолуш го вайна. Вайн къоман исторехь, иштта халкъан барта кхолларехь, туьйранашкахь, иллешкахь дуккха а масалаш ду «Нана» хестош. Коьртаниг да велахь а, шен чохь доьзал кхиориг иза ма йу. Цо во к1антах махкана а, къомана а пайде волу къонах, иштта, дайшкара схьадеана хаза г1иллакх шеца долу оьзда йо1. Оцу берийн дахар, дукха хьолахь, ненан хьекъале, кхетаме хьаьжжина хуьлу. Х1унда аьлча, бер дуьненчу даьлча дуьйна, цуьнан сий, оьмар шен дахарелла а лакхара хеташ, дукха дезаш кхобу цо. Хийла шен кийра йуучух хьегош берана кхача тарбеш, буьйсанна набарха йуьйлуш, аганахь бер техкош, хиина 1аччохь наб кхеташ хан а д1ахьо цо. Вайн цхьа вуо болх хилахь йа цамгар хьакхалахь, синтем боцуш, баланехь, сингаттаме хуьлу иза. Ткъа тоделча, и хала киртиг д1айаьлча, дерриге дуьне шен карахь долуш санна, самукъане, хуьлу иза. Мацах цкъа цхьана зудчо иштта жоп делла боху шега муьлха бер дукхадеза хаьттича – «цомгаш дерг тодаллалца, некъахь дерг ц1акхаччалца, генахь дерг йуххе даллалца, жимах дерг доккха хиллалца» — аьлла. Кхузахь гучудолу, барам боцуш боккха бу ненан бере болу къинхетам. 
Кхин дисанариг ца дийцича а, вайна мотт 1емаш дуьххьара вай дош аьлча а, болар 1амош хьалхара ког баьккхина а церан долу самукъа тоьар дара ненан бере болу безам бовза. Ойла йича, къа дац т1аккха вайн нанойн, иштта «шайн са вайна чу а диллина» вай кхиийна болу, х1инца дуьненна чухьаьдда, девдда лелаш долуш, йан ма-еззара вай церан терго ца йича? Царна вайгара оьшуш х1умма а ма дац: даьхни, бахам, ков-керт. Иза дерриге, ницкъ кхоччучу барамехь цара вайна схьалуш ду. Царна вайгара оьшург, терго, тидам бу-кх. Цундела шайн уьш болчара ма-хуьллу церан дог эца деза. Иза йоцуш висиначуьнга хаьттича, дерриге а дуьне д1алур дара олу цара, цкъа иза йуха ган йиш хилча. 
Лараме газетдешархой, сайн дахарца, хьекъалца дуьстича, дуьненчохь йоккхучу ханна ненал деза х1умма а суна ца карийна. Тидаме дилла лаьа, Дела везар, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везар – иза шакъаьстина аг1о йу. Хьамма х1уъу баьхчи а, бусулба стеган уггаре коьртаниг Ислам-дин ду. Иза вайна массарна хууш а ду. Делахь, тахана бехаш болчарах муьлххачун а дагана уллерниг – иза «Нана» йу. Цуьнга болу безам буста дац цхьа а х1ума. Дала дуккха а бахабойла уьш болчеран. Бакъ дуьнене бирзинарш Дала декъал бойла, бухабисинчаьрна Дала собар а лойла. 

Авторан сурт   

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля