Безам

Аьхкенан юьхь яра. Дала Шен Iаламан хазалла, дуьне мел ду дIаса а яржийна, адамашка цунах марзо оьцуьйту хан. Сийначу стиглахь, маьI-маьIIехь нисбеш, охьабиллинчу кIайчу бамбех тера йолу мархаш Iохкура, ткъа къеггина кхеттачу малхо, ша дохдечу дуьненна тIехула эсала бIаьрг кхарстош, стигалан Iаьршашкахь тийна нека дора, наг-наггахь мархийн раьгIнашна тIехьа къайла а болуш. Де хаза дара, аьхкенан юьхьан шатайпа аьхналла а, хIаваэхь цIеначу а, токхечу а соьналлин архь а йолуш.
Соьлжа-ГIаларчу Зезагийн бешахь, хIокху хенахь гуттар а ма-хиллара, дуккха а нах бара садоIуш.Зезагаша кхелинчу бешарчу некъашкахула буьйлабелла лелаш, четаршна кIеларчу кафешкахь, гIанташ тIехь хевшина Iаш а хуьлура адам. Къаьсттина самукъадаьлла, дIасауьдура бераш. Церан самукъадаккха дуккха хIума дара бешахь: кегий машенаш, тайп-тайпана ловзарш, бираьнчигаш, ур-атталла гIудалкхаца йолу говр а. Бер генадаьлча, я цхьана ца оьшучу метте нисделча, наноша мохь а тухий, шайна тIе кхойкхура. Ас тидам бира: оьрсийн маттахьбен ца кхойкхура цара бере. ТIаьхьарчу хенахь билгалдаьлла ду-кх иза: берашца оьрсийн мотт бийцар. И дай-наной оцу шайн берех муьлш бан гIерта те? Я нохчий а, я оьрсий а боцурш хир ма бу царах. Да ватIарг, оццул са ца гатдича а, Iемар бара-кх царна и мотт! Тхан дайшна-наношна иза мегарг бийца а ца хаьара, хIетте а тхуна-м ма Iемира иза, юьртарчу школашкахь дешна доллушехь. ХIинца санна, муьлхха а мотт Iамо аьтто цкъа а хилла бац. Компьютерш, телефонаш, онлайн, леррина йолу программаш – хIокху дуьненчохь мел йолу хIума ю-кх, эшахь, ур-атталла уггар жимачу къоман – папуасийн – мотт Iамо а.
Делкъанна балхахь мукъа хан хилча, наггахь кху беша вогIу со, волавала а, садаIа а, олий. Иштта дара тахана а. Бешана пурхнехьа йолчу йоккхачу аллейна генадоццуш лаьттачу гIантахь Iара со, цхьацца ойланаш еш. Суна синтеме хетара кхузахь. Зезагашна а, дитташна а юккъехь шатайпа синхаамаш хуьлу, цхьана туьйранан дуьненахь волуш санна. Гонах тайп-тайпана беснаш а, исбаьхьа лепар а, мерза архь а долу зезагаш ду. ХIун хир ду царал хаза? Ма экам, тайна, аьхна, бIаьрг хьостуш, дагна там беш ду уьш! Цаьрга хьежа кIордор дацара.
Со сайн ойланех юкъахваьккхира бешан коьртачу, шех «безаман аллей» олучу новкъахула схьадогIучу кIантий, йоIий. Иштта буьйлабелла лела кегий нах кхузахь дийнан муьлххачу хенахь а го. Вовшашна дог-ойла йовзуьйтуш, дагарахоуьйтуш, шайн безаман шовкъехь болу къонанаш бу уьш . Дукха хьолахь царна вогIург, хиъна Iаш верг гуш а ца хуьлу, хIунда аьлча уьш шайн ойланашца генахь бу, царна кхеттарг хала цамгар ю – безам. Ткъа цу лазаран дарба цхьаъ ду: везарг, езарг гар, цуьнца къамел дар, дагарадийцар.
Ишттачарах дара, схьахетарехь, хIара шиъ а. Амма хIорш вукхарах къаьсташ бара, хIунда аьлча кхеран къамел куьйгаэшарца деш дара. Со леррина хьаьжира цу шинга: «Мотт цахуурш бу… эхI, ма кхоам бара шуьшиннан, сел хаза а, тайна а долчу», – иштта ойла хьаьвзира сан коьрте. ЙоIа куьйгашца сиха цхьаъ дуьйцура кIанте, шурула кIайн цергаш гучуйохуш, ела а къежаш. Iаьржа бIаьрг-цкъоцкъам долчу цуьнан хазачу юьхь тIехь ирс гора. Схьайирзина, юха дIайолаелча а, цуьнан елакъажар дIа ца долура. ЙоI йоккхаера таханлерчу дийнах, гонахарчу Iаламах, шен къоналлех, ша ирсе хиларх…
КIант а, вела а къежаш, куьйгашца цунна дуьхьал ишарш еш вара. Лекхачу дегIахь, дайчу боларехь тайна кIант вара иза. Шен кисанара телефон схьа а эцна, йоIе куьйгаэшара цхьаъ хаьттира цо. ЙоIа корта таIийра. Схьахетарехь, хьан сурт даккхий ша, бохура кIанта. ЙоI товш яра, коьртахь, хьалхара цхьажимма месаш бен ца гуш, тIехьа дихкина хазачу басахь йовлакх долуш.
Гобаьккхина охьакхозучу зезагашлахь Iаламат товш яра хIара тайна йоI, ша жовхIар санна. Цуьнан самукъадалар а, дуьненах йоккхаер а къаьсттина цхьаьнадогIура аьхкенан исбаьхьчу денца а, дог хьостуш, бIаьрг белош, синхаамаш карзахбохучу гонахарчу Iаламца а. Аьхке, Iалам, жималла, безам – шеца болу дахаран ирсе мукъам бара бекаш! И муха бекар бац кегийрхойн къоначу, дегнашкахь, безамах дуьзна уьш хилча?!
Шен телефонаца кIант суьрташ дохуш вара. ЙоI, дехьа-сехьа а йолуш, забаре кеп хIиттош яра, ела а къежаш. ЦIеххьана беана, боккха къорза полла хьаьвзира йоьIан коьрта тIехула. Кхуьнан коьртарчу йовлакхна тIехула хьийзара иза. КIанта йоIе бIаьца йира, сурт даккха шен телефон хьала а ойуш. ЙоI, Iадийча санна лаьттара, хилларг хIун ду ца хууш. Цуьнан йохар а гина, кIаната куьйга эшара цхьаъ элира. Схьахетарехь, меттах ма яла бохург хир дара иза. Ши бIаьрг коьртехьа хьала а хьежош, лаьттара йоI, меттах а ца йолуш, ша хIун дан деза а ца хууш.
«ХIара хIун ду-те?» – бохуш санна. Цо саттийна бат, коьрта тIехь дерг хIун ду ца хууш, хьалахьежо бIаьргаш, цецъялар беламе хетара. ЦIеххьана схьабеаначу поллано сел шовкъе ди кIентан, йоьIан сурташдахар, иштта а самукъадаьлла хIара шиъ доллушехь. Эххар а полла, шен даккхий къорза тIемаш а ластийна,хьалагIаьттира йоьIан коьрта тIера. Бета тIе куьг а диллина, цуьнга цецъяларца хьоьжура иза. Юха кIанте цхьаъ дуьйцура цо, сиха куьйгаш а лелош. Вукхо а дуьхьал «къамел дора» куьйгаэшарехь. Цу хIуманах цецдаьлла долчух тера дара и шиъ.
Ирсе долчу кху шингара шена кхерам хир боцийла хууш санна, йоIаний, кIантаний тIебеанера и боккха полла. Сагалматашна а, дийнаташна а хаалучух тера бу-кх адамийн синхаамаш. Церан сирла, цIена ойланаш евзачух тера ду, царна уллехь шаьш нисделча.
«Ма тамашийна ду хьо, дуьне! Ма хаза, аьхна кхоьллина хьо Дала. Хьох марзо эцийта, хьан чам бовзийта, хьо хасто адамна кхетам а, хьекъал а делла Цо», – иштта ойланаш хьийзара гIантахь дIатаьIна Iаш волчу сан коьртехь.
ЦIеххьана гIалин юккъерачу доккхачу маьждигехь молла кхайкха волавелира. Шаьшшиннан «къамел» а сацийна, ладоьгIуш лаьттара кIанттий, йоIIий. Мелла а хIума хезачух тера дара царна. Юха, вовшашка ишарш а йина, дIадоладелира и шиъ.
Суна ца хаьа, и шиъ мила а, мичара деана а, муьлхачу къомах а дара. ТIехьаьжна-м нохчех тера дара и шиъ. Юьхьанца царах къахетта, дог Iаьвжира сан, амма жимма хан яьлча, церан самукъане а, ирсе а хилар гича, сан дог паргIатделира: и шиъ-м дац кхечарах къаьсташ, цхьаннал а оьшуш, къона ду, хаза ду, безамо хьаьстина, ирсо дузийна ду. Бийца мотт царна цахаарх, деган мотт ма бу цу шингахь! Мел дика кхета и шиъ вовшех!
Вехха цушинна тIаьхьа хьоьжуш а Iийна, белхан меттиге дIавахара со…

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля