Иэсан чурт карладоккхуш ду!

Вайна массарна а хууш ду, сталинизмо бехк боцуш хlаллакбинчу вайнахана, l989-чу шеран l9-гlа фералехь Гlачалкъахь хlоттийна чурт, цуьнан гечбина гуо, хенан йохалло тиш бина хилар. Цигахь, хlора шарахь 23-гlа февралехь къаьсттина, Дагестанехь бехаш болчу нохчаша дlахьо тезетан мероприяти. Дакъа лаца кхойкху меттигера а, иштта луларчу республикашкара а lедалан белхалой, lелам нах, йукъараллин организацийн декъашхой. 
Кху деношкахь Дагестанехь бехаш болчу нохчийн «Аух» цlе йолчу йукъараллин организацес дlакхайкхорца, ша и хlоллам а, цунна гуобаьккхина йолу майда а, лулара ширачу кешний керт а карлайоккхуш белхаш долийна l9 октябрехь. Оцу гlуллакхана тlехьожуш волчу Муслимов Захlирс дийцарехь, дуьххьара, оцу балханна ахчанца гlо оьшу аьлла кхайкхам бинера. Делахь, вайн дикачу вежарша коьрта долу дакъа шайна тlелоцур ду аьлла хаам бина. «Хlара болх дlаболабале, оха гулам а бина, дан дезарш билгала дехира. Дlахlоттийна планаца цхьана а догlуш, тахан эхал-ахха белхаш чекхдевлла вайн. Гуобаьккхина йина йолу керт карлайаьккхина йаьлла. Иштта, токаца кхачойаран белхаш а дина даьлла. Тахан-кхана кхача безаш ландшафтни дизайнан говзанчаш бу. Церан хьежамашца доьзна, кертахь синтарш а, зезагаш а дlаде дезаш ду. Иштта, белхалошка хьоьжуш лаьтташ йу чуьртан гуонаха йолу шагатlулган экъа. Иза а йу карлайаккха езаш. Цул совнаха, оцу чуьртана бухахь йолу кладовой чоь а йу догlа деъча чу хи долуш. Герггарчу хенахь иза а тайийр йу вай. 
Хlинццалца схьа хlоллам болчу керта богlуш гlашлойн цхьаъ некъ бен бацара. Ткъа бан лерина кхин а цхьаъ бу. Йуххехь долчу кешнийн кертан уллехула хьалабаккха лерина и. Ткъа иза баьллачулла тlаьхьа, цунна тlера Беной Бойсгlаран кош тlе воьду некъ а карлабаккха таро хуьлу вайн. Ала деза, оцу чуьртан дуьххьарлера сибат хуьйцур долуш дац, амма иза тlехула цlан дан а, йоза карладаккха а лерина. Билгалдаккха догlу, иштта кепара чурт ерриге СССР-хь а духхьара хlоттийна хилар. Белхаш чекхдовла дезаш ду луо диллале. Нагахь санна ахча дисина хилахь, вайн йукъараллин гlуллакхана оьшучохь лело коьчалш а оьцур йу. Баркаллин дош ала лаьа Гапуев Исмаилна а, иштта гlо мел динчунна а. Цара лаьцна дакъа, дийцина ца-валлала доккха ду» — тlечlагlдира Захlира. 
Дела реза хуьлда ала лаьа и гlуллакх вовшахтоьхначарна. Соьга хаьттича, ларамза дац и белхаш кху деношкахь дlахьош хилар. Хlунда аьлча, 30-гlа октябрь политически репрессеш бахьанехь дlакхелхинчеран иэсанна лерина де ду. Сий дан деза вайн историн а, махкахбаьхна lазапехь хьийзина баккхийчеран а. Иштта болу къоман лазам биц бан мегар дац. Иза вайн иэсехь латтийта, тlекхуьучу чкъорана бовзийта уггаре богlуш болу некъ бу и иэсан хlоллам вайн хилар. Дехар дара, ницкъ кхоччучу барамехь массара а дакъалацахьара оцу беркате гlуллакхехь. 
Меттигехь бина берриге хийцамаш а бовзуьйтуш, дина даьлла гlуллакх а гойтуш, шуьйра материал оха кечйийр йу шуна, хьоме газетадешархой, и белхаш чекхдаьллачулла тlаьхьа.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля