Кхоччуш дакъа лаца деза вай!

Кху деношкахь жигара д1аболабелла Ерригероссин бахархой лараран белхаш. Октябран пхийтталг1ачу дийнахь дуьйна, цхьа бутт хан билгалйаьккхина оцу г1уллакхна. Иза 2020-чу шарахь чекхдаьккхина хила дезаш хиллехь а, керла йукъадаьлла, коронавирусан ун бахьана долуш, кху шаре д1атеттина дара.

Вайн пачхьалкхехь бахархой ларарехь белхаш д1ахьош ду х1ора итт шо хан мел йолу. Планаца цхьаьна а дог1уш, д1адахначу шарахь чекхдаьлла хила дезаш дара уьш, х1унда аьлча, т1аьххьара ларар хиллера 2010-чу шарахь. Делахь а, адамийн могашалла ларйар а, вайна йукъахь х1инццалца евзаш хилла йоцу цамгар йаржарна бахьана а долуш, белхаш кху шаре теттинера. Ткъа х1инца, уьш д1адолалуш, сан къамел хилира Хасавюртовски к1оштан администрацин куьйгалхочун а, к1оштара бахархой лараран комиссин председателан а заместитель волчу, Касимов Вахьидца.
-Вахьид, де дика хуьлда. Хасавюртовски к1оштахь а, иштта Дагестанехь бехачу нохчийн йукъахь а муьлхха лараме белхаш д1ахьош хилча, ахьа жигара, доггаха къахьоьгу. Иштта, х1ара г1уллакх а, ала мегар ду, дерриге дацахь а, амма, дукха хьолахь хьан карахула чекхдолуш ду. Дийцахьа, х1ун белхаш кхочушдина даьлла, дан дезарш муьлхарш ду?
-Диканца дуккха вехийла, Мовсар. Т1екхуьучу т1аьхьенна вайн истори а, иштта кхин йолу мехала аг1онаш а йовзуьйтуш, къахьега со кийча ву массо а ханна. Оьшучунна муьлхха а кепара г1о дан а аьтту бу вайн, Дала мукъалахь. Къаьсттина, х1ун белхаш ду вайн к1оштахь Ерригероссин бахархой ларарехь деш аса шуьйра довзуьйтур ду шуна. 
Оцу хьокъехь долу дерриге белхаш д1ахьош ду Росстато. Вайна ма-хаъъара, и г1уллакх хила дезаш дара 2020-чу шарахь. Амма, пандемия бахьана долуш кхузза д1атеттира иза. Россин исторехь бахархой ларар терахьийн технологех пайда оьцуш дуьххьара ду. Вайн к1оштахь схьайиллина ерриге 50 лараран каппаш йу. Уьш, дукха хьолахь, массо йуьртахь цхацца йу. Оцу г1уллакхана, и белхаш чекхдаллалца, 1едалца барт а бина балха эцна 303 белхало ву. Царах х1оранна билгалбаьккхина барам бу. Цуьнца нийса а дог1уш, царах цхьанна 550 вахархо кхочу. Ткъа царна т1ехьожуш, церан белхаш толлуш, массо а йуьртахь цхьацца контроллер а ву. Церан хьашташна, белхан ханна елла машенаш а йу. Царна х1оранна меттигерчу администрацин туьшашкахь билгалйаьккхина белхан кабинеташ а йу. Х1ора белхан де чекхдолуш, шайн йуьртахь болу ларархой гул а беш, цаьрца цхьаьна а кхеташ, дерриге кхачамбацарш а, иштта дина даьлларг а дуьйцуш, гуламаш д1ахьош бу цара. 
-Х1инццалца хиллачулла цхьа а хийцамаш буй кху шарахь бечу балхаш т1ехь?
-Х1инццалца схьа вайна бевзаш цхьа некъ бара – ларархой х1ора керта а г1уш, бахархой д1аязбеш лелара. Ткъа х1инца, и некъ боцург а, Госуслуги программи чохь шен кабинет чохь х1оранна ша а, шайн доьзал а д1аязбан  йиш йу. Иштта, МФЦ туьшашкахь а лерина хан чекхйаллалца билгалбехина белхалой а бу. Х1оранна а бакъо йу цигахь ша д1авазвала. Доцца аьлча, дакъалаца аьтту бу кхаа кепехь. Ойла йича, боккха аьтту бу иза бахархошна. Дерриг а терахьаш д1аяздийр ду электронан кепехь, ткъа цо сихдийр ду бахархой ларар. Х1ора керта а г1уш лелаш болу ларархой а бу билггала. Церан ша-кепара т1едухар а, сумка а, леррина программа йолуш планшет а, иштта, коронавирусах ларбала м1аьжигаш, каранаш а хир ду. Цул совнаха, белхалошкахь леррина удостоверенеш ду.
Бахархоша жоьпаш дала дезаш дерриге дерг ткъе кхойтта хаттар ду. Царах 23 вахархочух шех лаьцна ду, масала: Маса шо кхаьчна? Муьлхачу къомах ву? Муьлха меттанаш хаьа? Мичахь дешна? Масса доьзалхо ву? иштта кхин д1а. Ткъа итт хаттар ц1ийнан а, кертан а хьокъехь ду, масала: Маца дина ц1а? Х1ун йохалла а, шоралла а йолуш йу керт? Маса чоь йу ц1а чохь? кхин дерш а. Оцу массо а хаттаршна кхоччуш жоп дала деза. 
-Ткъа х1ун бахьана ду бахархой ларар итт шо мел долу д1ахьош хилар? Нахана х1у пайда хуьлу цуьнах? 
-Дукха хьолехь, бахархой ларар х1ун бахьна ду аьлча, массо а социальни программаш кхочушйо бахархойн терахьца дуьстина. Итт шо мел долу терахь керла доккху и программаш  т1елоцуш массо а вахархочунна кхочуш хилийта. Нах дукха мел хуьлу, 1едало ахча а алссама схьахоьцу, дуккха а проекташ кхуллу. Мухха а экономически, социальни, политически, демографически программашна йукъахь вайн к1ошто дакъалоцуш, ткъа цаьрца цхьаьна дог1у некъаш дахкар, ишколашна а, берийн бешашна а керла туьшаш йар, керла коммуникацеш йахкар, йукъараллин транспорт массарна а кхочуш хилийтар, и дерриге бахархой лараран жам1ашца хуьлу. Цундела, маггане а мегар дац, ваз а ца луш, йуьстах виса. 
Иштта г1уллакх оьшуш дац бохуш берш а нисло вайна йукъахь. Цаьрга ладог1а мегар дац. Къаьсттина, вайна, Дагестанехь дехаш долу нохчашна, оьшуш долу г1уллакх ду х1ара. 
Меттиг баьллачура, кхайкхам бан луур дара суна вайн къоман вежаршка. Массо а ханна, кху республикехь вай к1еззиг ду бохуш, вай охьате1о г1ерта лулара цхьадолчу къаьмнийн векалш. Иштта, лаккхара белхан меттигаш а ца кхочу вайна. Тахана 1едалан даржашкахь болх беш берш вуно к1еззиг бу вайн. Т1аккха, оьшучохь г1о-накъосталла а ледар хуьлу. Кху белха т1ехь, соьга хаьттича, йукъаралла г1атта еза. Бахархой д1абазбаларе кхайкха беза. Иштта белхаш д1абахьа беза маьждигаш чохь а. Вайн молланаша а шаьшш хьехамаш беш кхайкхамаш бан беза олий хета суна. Т1етоха лаьа, вайн махкара к1еззига йолчу ханна арабевлла бехаш берш а, иштта Россин массо маь11ехь тарбелла 1аш болу вайн вежарий, йижарий т1е язбан  беза. Х1унда аьлча, мацца баьхкина а, ц1а берза безаш бу уьш. Нагахь санна, бахархой ларарехь вай масссара а жигара дакъа лацахь, т1едог1учу итт шарахь 1едало вайна деш долу г1о алссам хир ду.
-Дика хир ду, Вахьид. Дела реза хуьлда хьуна, иштта шуьйра ахьа бахархой ларарах лаьцна дийцарна, довзийтарна. Со тешна ву, кху ларарехь вайн бахархоша жигара дакъа лоцург хиларах. Ойла йича, т1аьхьалонна ч1ог1а доккха маь1на долуш г1уллакх ду иза. Дала мукъалахь, вайн къоманна пайда болуш доьрзур ду и.

Авторизация
*
*
Регистрация
*
*
*
Согласны с условиями сайта?
Генерация пароля